«Интернетан сеташкахь къамел даран оьздангалла. Синъоьздангаллин а, динан а чулацам» аьлла йолчу темина семинар дIаяьхьира кху деношкахь Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан аппаратан офисехь.
Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикехь адамийн бакъаонаш ларъяран векалан аппаратан юкъараллица зIелатторан отдело а, шуьйрачу хаамийн зIенаша а.
Цигахь дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун администрацин динан, юкъараллин организацешца зIелатторан департаментан а, Нохчийн Республикин бусалба динан урхаллин а, Нохчийн Республикин правительствон йоцчу бакъонашларъяран, юкъараллин организацийн а, Нохчийн Республикин юкъараллин палатин а векалш.
Цхьаьнакхетар дIадолош къамел динчу Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векалан аппаратан куьйгалхочо Джумалиев Iумара дийцира интернетан сайтах пайда, зулам – ший а долуш хиларх.
– Тахана наггахь а жима стаг я зудабер хир дац интернетан сайташ т1ехь дерг ца доьшуш. Цунах нийса пайдаэца а хууш, лелийча доккха ниIмат ду интернет, амма халахеташ делахь а, вайн цхьаболчу кегийрхошна цунах нийса пайдаэца цахаар бахьанехь зулам долу цунах. Вайна массарна а хууш ду цхьаболчу зуламечу наха интернетан сайташкахь харц хаамаш баржош хилар. Амма кегийрхошна массарна а ца хаьа цара меттахъхьедийриг питана дуй, шайна цунах зулам дер дуй, уьш теша цара дуьйцучух. Цундела, и хаа а хууш, кегийрхой оцу зуламечух ларбан хьажа деза да-нана, хьехархо ерриге а юкъаралла. Цул сов, социальни сеташкахь, вуьшта, юьхьа дуьхьал ден доцу эвхьаза къамелаш деш берш бу, хьашт доцу суьрташ, видеороликаш дIаса кхоьхьуьйту, питана долу иштачух, вайн гIиллакх-оьздангаллица догIуш хIуманаш дац уьш. Оцу кегийрхошна гIиллакх-оьздангалла хьоьхуш хила деза. Царна дIахаийта деза интернетан сайташкахь дIасабохьуьйтуш болу хIора хаам, сурт, видеоролик хьан яхьийтина хаа йиш йолуш хилар, – бохура цо.
Нохчийн Рсепубликин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон зорбанан, хаамийн департаментан коьртачу говзанчас-эксперта Сардалов Джамбулата дийцира интернетан сайташкахь кегийрхоша лардан дезачух.
– Iаламат ца товш, вайнехан оьздангаллица ца догIуш дерг дуьйцуш хаало кегийрхоша, иштта дIасакхоьхьуьйту суьрташ а. Масала йоIа кIантах Iехалой, шен сурт дIадохьуьйту, вукхо иза кхечуьнга дохьуьйту я кхечу сайташ тIе дуьллу. Кхана иза оцу йоьIан гергарчарна дIаго, цунах шина а агIонна вас хуьлу, зулам хуьлу. И дерриге а вайна, баккхийчарна, хууш ду, цундела цIахь, школашкахь кхетош-кхиоран болх жигарабаккха беза, – билгалдаьккхира цо.
– Вай бусалбанаш ду, бусалба дино дихкина ду зуламе, оьзда доцург даржор, лелор, – бохура Нохчийн Республикин бусалба динан урхаллин председателан заместитела Хирахматов Хьамзата. – Вовшийн гуш ца хилчахьана олий эвхьаза хIуманаш дуьйцу кегийчу наха, амма иза а доккха къа ду. Хууш боцучарна иза дIахаийта деза.
Кхечара а дира интернетан сайташкахь ларъян езачу оьздангаллех лаьцна къамелаш. Цхьаьнакхетар дерзош, бусалба нахана Деле къинхетам а боьхуш, нийсачу новкъа нисдар а доьхуш доIа дира.
Р.МУСИПОВ
Авторан сурт
№ 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо
