Дашин Билала

ГIазалап-моллин юьртахо чуьрийнэвлахо а, тайпана иза воллу хьакко а вара Дашин Билала. Тхан колхозана 75 километр генахь йолчу Токмак гIалахь вехаш вара иза шен кхаа зудчуьнца а, доьзалца а. Иза шарахь цкъа я шозза вогIура тхо долчу хьошалгIа.

Дашин Билала ГIиргIизойн коьрта гуртаправ вара Сибреха дIакхаьчхьана дуьйна. Комаьрша а волуш, кура а воцуш, юккъерчу дегIахь стаг вара иза.

Ша хьошалгIа веача, ГIазалап-молла волчу вуссура Дашин Билала.

ГIийла-миска бохку доьзалш тхан колхозехь мичахь бу а хоттий, царна коч-мача оьцура цо.

Ткъа дIогахь, ша вехачу Токмакехь, цо дукха нахана гIо дора. Мацалла а, милла а вайнах ца балийта орцахволура Билала.

Пачхьалкхан даьхнийн корта меттахь хилийта эса, шинара бежа юккъе а лоллий, бехкар болу етт лора цо къен бохкучу, карахь таро йоцуш Сибреха баьхкинчу, аьлча а, лаьхкинчу, вайнехан доьзалшна. Иза бахьанехь балаза бевллачу оцу доьзалша, бIаьрхиш хазахетаро гучудохуш, даггара баркалла олура Билалана.

Иза Деле воьхура оцу адамаша-юьртахоша а, юьртахой боцчу кхечара а. Дала, цара дехарна, цуьнан аьтто а бора.

Вайнах Сибреха бигале Дашин Билалан доттагI хилла цуьнан юьртахо чуьрийнэвлахо, тайпана хьакко Седизан Билала – шен цIархо. Лакхара Таллас олучу генарчу метте кхоьссина хилла иза шен доьзалца цхьаьна. Иза а, цуьнан цIеннана а кхелхина, гIиргIизошкахь цхьалха, байлахь висина хилла цу шиннан кIант ХIарон.

И хаам шена хезча, хьем ца беш, орцах вахара Дашин Билала, комендантера бакъо а яьккхина.

Лакха Талласехь дийцинааьлла, дан деззарг дина, цигарчу комендантан пурбанца ХIарон Токмаке дIавигира цо. ТIелецира. Балха хIоттийра.

Хан хене яьлла, воккха хилча, цунна цIенош дина, зуда а ялийна, ваха хаийра Дашин Билалас шен доттагIчун кIант ХIарон…

Тайп-тайпана хьеший лаьттара Билалан кхаа зудчун хIусамашкахь. Жимахъерг йолчохь – хьаькамаш, йоккхахъерг йолчохь – дешна нах. Цхьа йижарий санна, бертахь а, Билалана муьтIахь а бара цуьнан зударий. Цхьаъ доьзал боцуш яра. Эмгар яра аьлла, эмгаралла а, инкарло а йоцуш, царна юккъехь барт, оьздангалла латториг, дукха хьолахь, йоккхехъерг яра. Дела а, нах а шена резахилийтархьама, шайтIа эшийнера цо.

Цунна хаьара, хьаша-да веача чохь бераш делхочу, пхьегIаш вовшахъетташ, гIуммагI еса, тас дуьзна латточу хIусамнанойн аренца дийца сий хир доцийла, хьешан юха оцу цIен тIе ван дог догIур доцийла, хьаша вогIуш воцчу хIусаме ийманберкат догIур доцийла.

Шен кIентий: ШаIрани а, Рамзан а доьзал боцчу шен эмгарна тIехьовсабора йоккхахйолчу Дашин Билалан цIеннанас: «Шун дена синтем хир бу шуна иза шаьш дина нана, со санна, аш ларахь, олий».

Билалаца хьошалла доьзна вара Шелара Ахтаев ТIокказан Нажмудди. Кхин хьаша-да веана воцуш, сагатделча, кехатех ловзуш буьйса яцъян охьахоура Билала.

Нажмуддица ловзуш хан яьлча, тIус тIебаккхар кIордийча, кехатийн туп хьала а оьцуш, деза кехат айдинарг тоьлла лоруш ловзарна тIе волура и шиъ. Нажмудди тоьлла а волуш, доьрзура цу шиннан ловзар хIоразза а.

Нажмуддис «ЗИМ» машен эцнера. Билалан а, шен а юкъаметтиг гергара а, тарлуш а йолу дела, Нажмуддис олуш хиллера, ша машен йолайолуьйтуш: «Беже лела Дашин Билала а, «ЗИМ» хехка ТIокказан Нажмудди а Дала ма эшавойла! Дашин хилла Iаш вац Билала. Дашон Билала ву иза…».

Оцу хиламах дерг хезна хилла къурайшийн Салихов Сайд-Хьусайнна. Иза вахана тIаккха Билала волчу цIа. Шаьшшиъ хIума кхаьллина а, чай мелла а ваьлла Iаш, Сайд-Хьусайна аьлла Билале:

– Билала, со цхьа дехар дан веана хьоьга. Ахь дехар лахь – хаза а хета, ца лахь – хала а хета.

– Ой, ва Сайд-Хьусайн, – аьлла, хьалагIаьттина Билала, – хьуна ца делла дехар хьанна лур дара. Схьаалахьа.

– Хьажал хьо, Билала, – аьлла Сайд-Хьусайна, – хьо Дала дуьненан а, эхартан а ирс делла стаг ву. Ша хьуна деллачу ирсан, диканан хама, пусар ца дахь, Дала хьуна оьгIазло ярна кхерам бу. И кехатех ловзар дита дезара ахь. И дара сан дехар.

– Сайд-Хьусайн, – аьллера Билалас, таханчул тIаьхьа ас Делан а, хьан а дуьхьа дити-кха кехаташ, ур-атталла забарина а, кхин ловзур воцуш…

– Дела реза хуьлда хьуна, Билала, – аьлла, Сайд-Хьусайн дIавахана хилла БилалагIаьргара.

Цул тIаьхьа кхин кехат кара ца оьцуш, Делан эхарта дIа а вирзина Дашин Билала. Дала гечдойла цунна! Амин!

Д.КАГЕРМАНОВ, нохчийн журналистикин къано
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 21-ра де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: