Ерригроссин хьехархойн «Россин хьехархо – 2018» конкурсан толамхочун, журналистан, яздархочун, Хь.Ибрагимовн цIарахчу №1 йолчу математикин школин обществознанин предметан хьехархочун, Нохчийн Республикин хьакъволчу хьехархочун, НПХьУ-н педагогикин пхьалгӀин куьйгалхочун, Кадыровн Орденан кавалеран Динаев Ӏалиханан «Сан хьалхара книга» йовзийтира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн универститетехь.

Нохчийн Республикин Парламентан дупатута Нагаев Iаднана, Нохчийчоьнан Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас, оццу университетан ректоран декхарш ханна кхочушдечу Байханова ИсмаьIала, Нохчийн Республикин халкъан хьехархочо Касаев Ахьмада, «Берийн беш», «Хьехархо» газетийн редактора Цуруев Шамхана дакъалецира керла книга йовзийтарехь.
Иштта, цигахь дакъалоцуш оццу университетан студенташ а бара.
Ирс муха хуьлу а, къонахчо дош лардаран мехалла а йовзуьйтуш сценкаш гайтира студенташа-жигархоша. Иштта хIетал-металш а, хаарийн викторина а дIаяхьира цара.
Книгах лаьцна, хьалхара дош олуш, вистхилира Ибрагимов Канта.
I.Динаевн книгин лаккхара мах хадийра цо. «ХIара книга вайн берашна чIогIа оьшуш яра. Берашна лерина книгаш мел дукха хилча а сов хир яц, хIара саннарш муххале а. Нохчийн мотт оьрсийн дешнаш юкъа а далош буьйцу бераша. Ткъа иза иштта стенна буьйцу аьлча, царна цхьадолу дешнаш девзаш цахиларна буьйцу. Масала, нохчийн маттахь дагар дан ца хаьа царна, акхаройн, дийнатийн цIераш а ца хаьа. Иза боккха эшам бу. Вай тахана само ца яхь, вайн бераш шайн ненан маттах херлуш ду, – элира К.Ибрагимовс.
Байханов ИсмаьIала билгалдаьккхира тахана доьшуш болчу студенташа, кхана хинболчу хьехархоша берашна ненан мотт марзбарехь доггаха къахьега дезаш хилар.
Цкъа хьалха да-нана, тIаккха хьехархо ву берана ненан мотт Iамийна ца Iаш, иза хааран а, бийцаран а мехалла йовзийта езаш верг.
Динаев Iалихана дийцира ша и книга язъяран бахьана: «Цхьана дийнахь сан вешин а, йишин а берашна книгаш эца дагахь туькана вахара со. Цигахь я кхечу масех туьканахь а ца карийра суна нохчийн мотт Iамош, шарбеш пайдаэца мегар долуш цхьа а книга. ТIаккха сан ойла кхоллаелира, махкал арахьа хьовха, кху Нохчийчохь дехачу берашна а дика хууш боцу нохчийн мотт Iаморна пайдехь хир йолу книга вовшахтоха. Суна хIара книга вовшахтухуш гIо дина, баккъал а, нохчийн мотт безаш, хууш болчу наха. Царна массарна а даггара баркалла ала лаьа суна. Иштта, берашка а ала лаьа, Iамабе шайн ненан мотт!».
Нохчийн меттан нийсаяздаран керла бакъонаш а ларъеш язйина ю 1 200 дашах а, дешнийн цхьаьнакхетарех а лаьтташ йолу «Сан хьалхара книга».
ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 21-ра де