Толамца цIавеана

Серберчу Нови-Садехь дIаяьхьира кегийрхошлахь самбохула йолу дуьненаюкъара турнир.

Цигахь дакъалоцуш вара 30 пачхьалкхера 400 сов спортсмен.

Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.

Вайн республикера (Россин вовшахтоьхначу командехь) цигахь дакъалоцуш бара «Ахмат» клубера спортсменаш.

Финалехь, 100 кг йозаллин категорехь, хьалхара меттиг яьккхира вайн махкахочо Сайдулханов Мохьмад-Эмис.

З.ШИШХАНОВА
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 21-ра де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: