Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхалло Хьалха-Мартан кӀоштарчу декъо, Хьалха-МартантӀерчу юккъерчу школехь, цӀеяларан бохамах лардала Ӏаморан а, иштта МЧС-н цӀеяйаран-кӀелхьарадахаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран а Ӏалашонца Ӏамораш дӀадаьхьира.

Ӏамораш дIадуьйладелира хаамийн системо кхачанан чоь чохь цӀе яьлла аьлла, хаам барца. Дукха хан ялале цӀеяйархой схьакхечира.
ЦӀеяйархоша, уггаре а хьалха, «цӀе яьллачу меттигехь» долу хьал теллира, лазийна цхьа а вуй хьожуш, лазийнарг леррина башлакх тиллина кIелхьара а ваьккхина, цул тӀаьхьа цӀе дӀаяйъира.
ГӀишло чохь чӀогӀа кӀур болуш санна сурт дара хӀоттийна. И бахьанехь цӀеяйаран-кӀелхьарадахаран белхахоша леррина садаӀар лардеш долу духарш а дуьйхина бора болх.
Ӏамораш дӀахьочу хенахь цӀеяйархоша гӀишлонна тӀедогӀучу некъийн хьал а теллира, школехь цӀеяйаран гӀирс кхачаме буй а хьаьвсира.
Цул тӀаьхьа цӀеяйаран-кӀелхьарадахаран белхахоша цӀеяларан бохамах лардала дезаш хиларх лаьцна хьехам бира дешархошна а, хьехархошна а, иштта, школин белхахошна а.
АБУЕВ Муслим
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 21-ра де