Соьлжа-ГIалин №39 йолчу школин историн хьехархочо Кулаева Резидас а, №57 йолчу школин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархочо Магомедова Алинас а дакъалецира Россин серлонан министерствос дIахьош йолчу Ерригроссин хьехархойн-экспертийн кхеташонехь.
Онлайн рожехь, дакъалоцуш Россин ерриге а регионашкара 168 хьехархо а волуш, дIаяьхьира кхеташо.

Экспертийн бакъо ю серлонан министре хьехаран кеп кхин а тояран а, керланиг юкъадалоран а, хьехархойн корматалла лакхаяккхийтаран а мехаллаш шаьш дIайовзийта.
Россин Федерацин Серлонан министерствехь уггаре а мехалла гIуллакх лоруш ду иза.
– Цхьаьнакхетар дIахьошволчу серлонан министран заместитела Басюк Виктора билгалдаьккхира: «Хьехархо кхуьуш хиларо хьехаран дикалла а лакхайоккху. Хьехархошна юкъахь уггаре а тоьллачарах вовшахтоьхна ю экспертийн кхеташо». Иштта цо бовзийтира кхидIа а дIабахьа лерина болх. Цул сов, оцу онлайн рожехь, оха, кхеташонан дакъалацархоша дийцаре дира уггаре а проблемни гIуллакхаш, вовшашна зеделлачух пайда а ийцира, цул сов, тахханехь тидам тIебахийта беза кхачамбацарш а билгалдехира, – дийцира Кулаева Резидас.
– Пандеми бахьанехь кхеташо дистанционни кепехь дIаяьхьнехь а, дан деза гIуллакхаш билгалдохуш, вовшех дагадовлуш дIадахара тхан цхьаьнакхетар, – элира Магомедова Алинас.
ВЕГИЕВА Макка
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 21-ра де