Ноналлин капиталах пайдаэцаран таронаш шорлуш ю

Хьалха ноналлин капиталан ахчанах пайдаэца йиш яра, шен цIарах и ахча яздинчу беран кхо шо кхачаре а ца хьоьжуш, хIусамийн кредиташ а, юхалург эцна ахча а такхарна. Амма и бакъе юьхьанца луш долчу ахчанах хьакхалуш яцара. ХIинца гIуллакх дан доладеллачу федеральни законца нийса а догIуш, и бакъе хийцина, бакъо елла беран кхо шо кхачаре а ца хьоьжуш, хIусамийн кредит, юхалург эцна ахча такха а, юьхьанца луш долу ахча дIадала а.

Цул сов, карарчу хенахь Россин Федерацин Пенсионни фондан территориальни органаша дIахьо ноналлин капиталан ахчанах цкъа 2 эзар туьма дала заявленеш дIаэцар.

Цкъа луш долу и ахча эца бакъо ю 2015-чу 31-чу декабрана тIекхочуш ноналлин капиталан сертификат эцначу, я эца бакъо йолчу, цунах харжаш яран коьртачу Iалашонашна ноналлин капиталан берриге а барамах пайда ца эцначу Россин Федерацехь бехачу доьзалийн. Цкъа луш долу (2 эзар туьма) ахча эца сацам хилча, Пенсионни фонде заявлени яздан деза. Иза яздан йиш ю Россин Федерацехь бехачу сертификат карахь долчеран, шен цIарах и сертификат деллачу беран мелла а хан яьллехь а.

Заявлени тIехь гайта еза СНИЛС-н номер а, ноналлин капиталан сертификатан сери а, номер а. Иштта шеца хила деза стаг мила ву гойтуш долу тоьшалла а, счетан реквизитийн хьокъехь  хаамаш тIехь болу счет схьаелларна тоьшалла деш долу документ а. Шина беттан хенахь оцу счета тIе доккхур ду 2 эзар туьма, я сертификата тIехь цул кIезиг ахча дисинехь, и бухадисина ахча. Доьзалийн таро ю  оцу ахчанах шайн хIора дийнахь долчу хьашташна пайдаэца.

Карарчу хенахь Пенсионни фондехь ноналлин капитал эцначу Россин доьзалийн барам 6 миллион стагал а сов бу, царех 48 процент болчара дIаэцна ноналлин капиталан ахча.

Ноналлин капиталах, хьалха а санна, уггаре а алсам пайдаоьцу хIусамийн хьелаш тодарна, ахчанах оцу Iалашонашна харжаш йина Россерчу 3 миллион сов доьзало. Царех 2 миллион доьзало ноналлин капиталан ахчанан чоьтах цхьана декъана, я юьззина дIатекхна хIусамийн кредиташ – дерриге а 760 миллиард сом. Цхьа миллион сов болчу доьзалша, кредитийн ахчанаш юкъа а ца далош, 368 миллиард соьман барамехь ноналлин капитал хIусамаш эцарна а, ярна а, тоярна а тIе а хьажийна, тодина шайн хIусамийн хьелаш.

Россин Пенсионни фондо заявкаш дIаэцна: берашна дешар 1аморна – 10 миллиард соьмана 200 эзар сов заявка, ненан IаIоран пенсина ахча тIедаккхарна – 539 миллион соьмана 2,7 эзар заявка.

 

Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикин Отделенин

пресс-служба

№ 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: