Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хIокху деношкахь цхьаьнакхийтира Нохчийчоьнан могашаллаIалашъяран министраца Сулейманов Эльханца а, медицинин учрежденийн коьртачу лоьрашца а.

Цхьаьнакхетарехь коьртачу декъана дийцаре дира коронавирусан ун дIасадаржарца доьзна долчу хьолан хьокъехь долу гIуллакхаш.
МогашаллаIалашъяран министерствон куьйгалхочо дийцира больницашна молха-маханца а, кислородаца а, шаьш-шайн лардаран гIирсашца а, оьшуш мел долчуьнца а кхачо йина хиларх лаьцна.
Цо дийцарехь, коронавирус йолу цомгашнаш тIеэца медицинин учрежденешкахь оьшучул а совнаха маьнганаш-меттигаш ю. Цуьнца цхьаьна, лоьрашна нислуш йолу халонаш а йовзийтира министра.
«Массанхьа а хаало дарбанаш лелоран препаратийн хьокъехь тайп-тайпана хабарш дийцар, адамаш шайна хетачунна тIегIертар. Молханашца йоьзна цхьана а тайпа чолхалла яц вайн. Вайн дерриге а молханаш долуш ду. Цу тIе, уггаре а диканаш. И (препараташ) молханаш вайн махкахь арахецна а ду. Амма, цхьаболчу цомгашчара, шаьш эца а оьцуш, пайдаоьцу механа деза долчу молханех. Говзанчех дага а ца бовлуш до цара иза. Ткъа цу тайппана шашена дарбалелоро а, цIена боцчу лоьрашка ладегIаро а лазамечу тIаьхьенашка кхачо тарло», – бохура министра.
Кадыров Рамзана цуьнца доьзна билгалдаьккхира бахархошца кхеторан болх дIабахьа безаш хилар а, уьш чIогIа ларбала безаш хилар а, COVID–19 цамгар хьакхаяларан дуьххьарлера билгалонаш гучуйовллушехь говзанчашкара гIо лаха арабовла безаш хилар а царна дIахоуьйтуш.
«Адамаш жоьпаллица тIедаха деза шайн могашалла а, шайна гуонаха болчеран могашалла а ларъярна. ЧIогIа лардан деза ун хьакхадаларх ларваларан гIуллакхаш. Ун хьакхаделча, шен хеннахь лоьрашна тIеваха веза. Цхьадика, Делан къинхетамца, вайн больницашкахь оцу цамгарна дарбанаш лелорна оьшуш мел дерг долуш ду – говзанчаш а, молха-маха а. Цундела, шуьйрачу хаамийн гIирсашца цхьаьна, бахархошца кхеторан болх дIабахьар мехала ду. Иштта, суна, къаьсттина, тидам тIебахийта лаьа мехалчу кхин цхьана гIуллакхна а. COVID–19 цамгар йолчарна юххехь, цаьрга хьовсуш гергарнаш хила безаш бац. Цара эрна меттигаш дIалоьцу. Больницашкахь леррина белхахой бу цомгашчаьрга хьовсуш, церан хьашташ кхочушдеш», – элира цо.
Кадыров Рамзана лаккхара мах хадийра коронавирусан ун долчу муьрехь регионан могашаллаIалашъяран куьйгалло а, лоьраша а бинчу, беш болчу белхан.
Цо баркалла элира медицинин белхахошна COVID–19-ца къийсам дIабахьарна юкъа хазна йилларна.
Д.АНАДЕВ
№92, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де