Курчалойн кIоштахь – баккхий кхиамаш

Россин уггаре а къоначу гӀалахь, Курчалойхь хIокху деношкахь схьайиллина дукхагӀаьтнийн цӀенойн комплекс.

Бахархошна оьшу дерриге а хьелаш кхоьллина оцу комплексехь: тойина уьйтӀеш, машенийн дӀахӀуьттийлаш, мини-футболан 2 майда, берийн ловзаран 2 майда, гӀашлойн некъаш, и.дӀ.кх.а.

Цул сов, совдегарш а ца бицбина – комплексан хьалхара гӀаьтнаш офисашна а, махлелорна а лерина ю.

Къоначу гIалин дуьххьарлера дукхагIаьтнийн цIенойн комплекс схьайоьллучохь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Хас-Мохьмад, Курчалойн кIоштан администрацин куьйгалхо Ирисханов Асланбек, иштта кхиболу официальни нах.

Ламасталлин цIен аса а хадош, схьайиллира комплекс.

Цул тIаьхьа, Кадыров Рамзан а, цуьнца болу хьаькамаш а йохк-эцаран, самукъадаккхаран туьшахь хилира.

Шена гинчу суьртана реза хилира Р.Кадыров.

Шайх Мансуран а, Бенойн БойсагIаран а, Таймин Биболатан а, къоман кхиболчу турпалхойн а суьрташа хаздинера оцу туьшан чуьра пенаш.

– Берашна ца бевза вайн къоман турпалхой. Амма вевза царна Гезиг-Стаг а, кхиберш а. Вайн культурина а, историна а боккха иэшам бу иза. Бераллехь дуьйна бовзийта беза царна къоман турпалхой. Беро шена схьагучух масал оьцу. Цундела, берийн туьшашкахь кхечу халкъо шайн туьйранашкахь кхоьллина турпалхой а боцуш, вайн бакъболчу турпалхойн суьрташ хилча, «фантазешца» а ца кхуьуш, шайх масал эца хьакъболчу турпалхойх масал а оьцуш, патриоташ кхуьур бу вайн берех, – элира Кадыров Рамзана.

Иштта, Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира, нохчийн халкъан истори Ӏамор дихкина хенаш мацах хиллехь а, тахана паргӀато а, бакъо а ю истори Ӏамо а, яржо а, тӀеюза а.

Дагадаийта лаьа: берашна нохчийн халкъан турпалхой бовзийтарна тӀе къаьсттина тидам бахийта беза аьлла, Кадыров Рамзана хьалхуо бина кхайкхам хезна дехкина ду Курчалойхь йолчу берийн самукъадаккхаран туьшахь, пенаш ма-дду, къоман турпалхойн суьрташ.

Майртупахь керла маьждиг схьадиллина

Курчалойн кIошт арчу Майртупахь хьалхара рузба а деш, схьадиллина керла маьждиг.

Мусаев Тамерланан цӀарах долчу цу чохь 5 эзар стеган жамаIатехь ламазаш дан аьтто бу.

Маьждиг схьадоьллучохь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Нохчийчоьнан Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас а, кхечара а.

Мусаев Тамерланан хьокъехь дуьйцуш, иза нохчийн халкъан, бусалба умматан, вайн сийлахь-боккхачу Даймехкан зовкхан дуьхьа хьанал, доггаха къахьоьгуш стаг хилла хилар билгалдаьккхира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Бухарин ламасталлин хотIехь, шен башхачу куьцашца, чувеанарг шен хазаллица йийсаре лоцуш, чIогIа хаза кечйина ю «Делан хIусам».

Кхузаманахьлерчу лехамашца динчу маьждигана токаца а, хица а кхачо йина ца Ӏаш, ков-керт а, уьйтӀе-кетӀе а битаме, куьце ялийна, гуонахарчу майданахь машенийн дӀахӀуьттийла а йина.

Майртуьпахошца а, хьешашца а цхьаьна рузба дира вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
№92, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: