А-Хь.Кадыровн цIарахчу фондан беркате гIуллакхаш

А-Хь.Кадыровн цIарахчу Регионан юкъараллин фондо бекарг (март) беттан 27-чу дийнахь дуьйна, лахьанан (ноябрь) беттан 23-чу дийне кхаччалц, республикехь а, Россин регионашкахь а, кхечу пачхьалкхашкахь а 2 211 420 сурсатийн тIоьрмиг дIасабекъна.

Билггал аьлча, Нохчийн Республикехь – 2 071 239, регионашкахь – 97 214, кхечу пачхьалкхашкахь – 42 967 тIоьрмиг.

Фондо Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташка, совгIатана аьлла, 15 тонна жижиг, 25 тонна стоьмаш а, хасстоьмаш а, 10 тонна моз а дIахьийтина.

Нохчийн Республикехь пандемин кхерам хIоьттинчу хенахь дуьйна 67 877-зза Сийлахь Къуръан дешна.

Оццу хена чохь фондо 88 петар елла. Царах Устрада-ГIаларчу хала бохкучу доьзалшна – 48, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранашна а, хала бохкучу доьзалшна а Курчалойн кIоштахь – 5, Соьлжа-ГIалахь – 15, Эна-Хишкан кIоштарчу хала бохкучу доьзалшна 20 петар а елла.

Толаман де тIекхочуш фондо вайн республикехь гIоьналлин гIуллакх дIадаьхьира: Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман исс ветеранна – цхьацца миллион сом, тылан 435 къинхьегамхочунна – ткъе пхиппа эзар сом, ветеранех йисинчу 228 зудчунна итт-итт эзар сом делира.

А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Регионан юкъараллин фондо пандемин кхерам хIоьттинчу хенахь дуьйна 53 эзар сов доьзална 780 млн. сов соьмана гӀо-накъосталла дина. Цунна юкъадогIу: 1) там-механа 213 доьзална хIоранна делла 50 эзар сом а; 2) хIутосург (май) беттан 7-чу дийнахь Аймани Несиевнин тIедилларца гIийла бохкучу эзар доьзална делла итт-итт эзар сом; 3) хIутосург (май) беттан 19-чу дийнахь, Лайлатул Къодр буьйсанан хьурмат деш 25 эзар доьзална делла итт-итт эзар сом.

Иштта, фондо дӀасаекъна 1 млн. медицинин мӀаьжиг а.

Оханан (апрель) беттан 28-чу дийнахь дуьйна хIутосург (май) беттан 23-чу дийне кхаччалц Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос республикехь хIора дийнахь марха дастийта дIасабоькъура хурманан а, хин а 4 000 тIоьрмиг. 26 дийнахь дIасайийкъира цу тайппана 104 000 гулам.

Чохь Iеран раж йолаелчахьана дуьйна Нохчийн Республикехь дIасаекъна 2 399 476 бепиган булка.

ХIутосург (май) беттан 5-чу дийнера 11-чу дийне кхаччалц фондо рогIера гIоьналлин гIуллакх дIадаьхьира. Цуьнан гурашкахь 30 000 доьзална дIасайийкъира картол – 90 тонна, бепиг – 90 эзар булка.

Иштта, фондан чоьтах медицинин сихачу орцанан 42 машен а эцна: «В» классан – 22 а, «С» классан – 20 а реанимобиль.

Бахархошна кхачо йира картолийн, кхоьийн, хьаьжкIийн хIуьца. Чохь Iеран раж йолаелчахьана дIасадекъна 1 524 тонна хIу (хьаьжкIаш – 84 тонна, кхоьш – 40 тонна, картолаш – 1400 тонна).

Пхиппа соти лоруш хилча, 104,4 эзар кертана лерина ду иза.

Л.РАГИМОВА
№92, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: