ХIокху деношкахь Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Дадаев Ризван, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Алиев Тимур, Нохчийчохь берийн бакъонаш ларъяран векал Хирахматов Хьамзат, республикин Юкъараллин палатин председатель Батаев ГIайрсолта, цхьамогIа кхиберш. Уьш «горгачу стоьле» кхайкхинера «Диалог» юкъараллин организацин векалша.
Цигахь дийцаре дан юкъадиллинера доьзалехь бер ийманехь, оьзда кхиоран вуно мехала гIуллакх. Мехала хилла ца Iаш, Iаламат жоьпаллин а, дахаран зеделларг оьшуш а гIуллакх ду доьзалехь бер кхиор, хIусамден а, хIусамненан а, доьзалшца а, вовшашца а хила йогIу юкъаметтигаш дIанисъяр, церан вовшашка ларам хилийтар.
Цигахь хиллачу дагадовларехь Дадаев Ризвана билгалдаьккхира берашца бечу балхахь коьрта декхар а, коьрта хало а оцу берашкахь дай-наношца лараме юкъаметтиг хилийтар хилар. «Нагахь санна да-нана я да, я нана лартIехь лелаш дацахь, нагахь цара берашна гойтуш дерг вуон масал делахь, берийн я дега а, я нене а сий-ларам хир бац, церан синкхетам галбер бу, – бохура Р.Дадаевс.
Доьзалехь марзо ца карийча, ша тергал ца дича, аьхналлин метта гIоьртина хьал нисделча, бер доьзалера арадолу, ураме марзло, шех кхеташ, шега ладугIуш верг, шена тидам тIебохуьйтург лаха. Цунна ишттанаш кара а бо. Карабо шаьш саннарш лоьхуш берш. «Дукха хьолахь цу тайпа бераш нисло экстремистийн а, вахабитийн а Iаткъамна кIел, – дуьйцура кхидIа а Дадаев Ризвана. – Иза вайн юкъара лазам бу. Цаьрца йолу юкъаметтиг чIогIа экаме хила еза. Уьш къехко мегар дац. Мелхо а, хаза-кIеда олуш, кхето хьовса деза. Церан яххьаш телевиденехь гайта мегар дац – дерриге а дахарехь Iийжорйолу чов ян тарло цо».
ХIинцалера дукхах долу бераш дийнахь сарралц а, буьйса юккъе яххалц телевизоран я компьютеран мониторана хьалха, я телефон ловзош Iаш хуьлу. Царна нийсархошца ловза а ца хаьа. Уьш эгIаза, догIмаш мела долуш хуьлу. Цундела нохчийн шира ловзарш юкъадаха дезара доьзалшкахь. Вай дуьйцуш дерш дегI чIагIдеш долу, тIахъаьлла хуьлуьйтуш долу ловзарш ду. Царах уггаре а аттанаш ду лечкъардигех, гал-гIожмех, хьалхаваларх довдар и.дI.кх. ХIара, аьхкенан мур тIебеана хилча мухалле а, дас-нанас шайн бераш, чуьра арадаьхна, Iаламах долийта деза, царна къоман тайп-тайпана шира ловзарш а Iамош.
Бераш кхетош, Iамош, дIаяхна хан цкъа а эрна яйна яц. Цунах тIаьхьа, бер доккха хилча бен ца кхета цхьаболу дай-наной. ТIаккха тIаьхьа хуьлу. Бер кхетор, кхиор чолхе, хала гIуллакх ду. Цунах пебеттаран тIаьхье байтамалле хуьлу. Иза дIадовзуьйтуш болх бар шайн а, юкъараллин кхечу организацийн а декхар лорура «горгачу стоьлехь» вовшахкхеттачара. Делахь-хIета вай тешна Iийр ду тIейогIучу хенахь доьзалехь бераш кхетош кхиорна, доьзалан мехаллаш ларъяйтарна цара кхин а боккха тидам тIебохуьйтург хиларх.
Вайх массо а цхьана кертара араволуш а, юха оцу керта воьрзуш а ву. Вайн доьзалшкахь ийман, оьздангалла хиллехь, ерриге а юкъаралла оьзда а, ийманехь а хир ю.
Д.АНАДЕВ
№ 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо