«Ведучи» курорт яр герггарчу кхаа шарахь чекхдоккхур долуш ду. Журналисташка цу хьокъехь хаам бира Россин Федерацин экономикин кхиоран министран хьалхарчу заместитела Бабич Михаила.

Шен къамел дIадолош, федерацин хьаькама билгалдаьккхира лаьмнийн берригемуьрийн туристийн-садаIаран «Ведучи» курорт Къилбаседа Кавказ кхиорехь уггаре а ладамечарах а, иштта, туристийн кластерна юкъахь коьртачарах а проект хилар.
Оцу декъехь дIахьош а, дIабахьа лерина а дуккха а белхаш бу.
Туристийн коьртачу некъашкахь, муьлххачу а меттехь бегIийла хьелаш а, кхочушдеш долу хьашташ алсамдаха а дезаш хилар.
Таханлерчу дийнахь берригемуьрийн туристийн-садаIаран «Ведучи» курортехь канатан некъ а бу, цхьа километр беха а болуш, искусственни ло хилийтаран система йолу ламанан-когсалазаш хахка некъ а бу, конвейеран хьалаойург йолу берийн парк а, инструкторийн школа а, ламанан-когсалазийн гIирсийн прокат а, ремонтъяран пункт а, 234 меттиг йолу машенаш дIахIиттайойла а ю.
Курорт яран белхаш кхаа декъе бекъна: леррина экономикин зона кхоллар, проект хIоттор, туркластеран объекташ яр.
Оцу Ӏалашонца курортехь леррина кхеташо а дIаяьхьира. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Кхеташонехь дийцаре дира берриге а муьрашкахь когсалазаш хахкаран «Ведучи» курорт яран рогӀера муьран декхарш кхочушдаран хьокъехь долу гIуллакхаш.
Курорт яран белхаш дIабоьрзур бу герггарчу 3 шарахь.
Курортана билгалйинчу 1 500 гектар лаьтта тӀехь дахка лерина тайп-тайпанчу тIегIанийн чолхалле хьаьжна лаьмнийн когсалазийн некъаш.
Францерчу «POMA» компанис бийр бу и болх. Дуьненахь а гӀаряьлла ю и компани лаьмнийн канатан некъаш а, хьалаойургаш а ярца.
Курортан туркластер йинчул тIаьхьа, дийнахь 4 800 стаг тIелаца аьтто хир бу «Ведучин».
КАНТАЕВ Абу
№92, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де