Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналистан, искусствон хьакъйолчу гIуллакххочун Газиева Азин «Мукъамийн хьаьрмахь» книга йовзийтаран суьйре дIаяьхьира А.Айдамировн цIарахчу нохчийн къоман библиотекехь.

Суьйренехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула хьехамча Ельсаев Iаламахьад, фолологин Iилманийн доктор Джамбеков ШаIрани, иштта культурин а, Iилманан а, журналистикин а цIеяххана гIуллакххой.
Нохчийн махкахь музыкин а, мукъамийн а культура кхиорца шайн дахар доьзначу Ӏ.Димаевх а, Б.Сулеймановх а , Ж.Шамилевах а, М.Айдамировах а, Ӏ.Бексултановх а, кхечарах лаьцна исбаьхьаллин а, биографин а книга нохчийн маттахь язйина ю.
Культурин министра Дааев Хож-Баудис лаккхара мах хадийра Азас бечу белхан: «Азас язйина книга нохчийн къоман культурина доккха совгIат ду. Боккха болх бина цо и книга вовшахтоха гIерташ, иза вайна массарна дика хууш а ду. Йолчул а, оцу книгин мехалла лакхайоккхург, шайн къам а, культура а, мотт а безаш, хьанал къахьегначу нахах нохчийн маттахь язйина хилар ду».
«Мукъамийн хьаьрмахь» книгина юкъаяхана шайн заманахь гIарабевлла бевзаш хиллачу артисех лаьца 77 очерк, иштта къоначу артистех лаьцна 15 очерк.

– Азас нохчийн арстистех лаьцна гулар кечйина аьлла, сайна хезча, хазахетарца авторх дош яздира ас оцу книгина. Азин бен кхочур дарий-те аьлла хета суна, иштта йолу книга язъян доьналла. Нохчийн къоман культурина юкъайиллина йоккха хазна ю иза. Цхьана дийнахь вовшахтоьхна болх а, я атта бина болх а бац иза. Шен гуларан хIора а турпалхочун синкIоргене кхача а, церан даг чохь хьулбина сатийсамаш бовза а, церан ойла яста а ницкъ кхаьчна авторан. Гуларан цхьаболу турпалхой вайца боцуш бу. Царах лаьцна шена хуучух тоам ца беш, церан хIоранан а лорах яхана, уьш леллачу новкъахь цаьрца нисбеллачу нахе хоьттуш, толлуш, дустуш боккха болх бина А.Газиевас, – элира Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Сумбулатов Денис.
– Иллига, эшарга ладогIар цхьаъ ду. Ткъа уьш дIаолуш болчеран кхоллам а, дахар а довзаро кхин агIо а йовзуьйту вайна. Азин массо а турпалхо похIме ву, массеран а кхоллам сирла а бу, аз зевне а ду. Иза иштта язъяр похIма цатоар а, я говзалла цатоар а дац, баккъал а вайн артисташ, цара дийриг деза хетар, сийлахь хетар ду иза. Аза цIархазмана хIума лелийна яц цкъа а. Нийсачу дешан, цIеначу дешан бIаьхо ю иза, озаелла, кхералла нийсаниг ца олуш Iийра йолуш а яц, – элира Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Дадаев Сайд-Хьасана.
Дош ца кхоош, Азин корматаллех лаьцна а, цуьнан говзаллех лаьцна а, цуьнан рогIерчу книгех лаьцна а дуккха а дийцира иза евзаш, лоруш болчу наха.
ТIаьххьара дош шега кховдийча, Азас, цкъа хьалха, даггара баркалла элира культурин министрана, ша бина болх нохчийн къоман культурина, юкъараллина мехала хиларан мах а хиъна, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун грантаца книга зорбане йоккхуш шена гIо дарна: «Бакъдерг ала деза, книга вовшахтоха атта дацара. Масала, НГIАССР-н хьакъйолчу артисткин Шамилева Жансарин сурт ца карош ас дукха некъаш гездина. Дуьххьара сцени тIе бевллачу артистех, дуьххьара пондар лекхначу, илли аьллачу, йиш лекхначу артистех, вайна массарна а дукхабезаш, шир ца луш, массийтта шерашкахь вайн лерса хьоьстуш болчу мукъамийн авторех лаьцна яздан долчу нийято, дайдора суна царах лаьцна цхьаъ бен дацахь, дош лоьхуш, ас мел до некъаш. Вайн къоман даима а хилла шайх лаьцна дийца а, яздан а хьакъболу нах. Ас яздинарг мел дукха хилча а дукха дац, яздаза дисинчуьнца дуьстича муххале а. Дог тешна ю, хIара книга хIоранга а дIакхочург хиларх а, книго ешархочунна, шена дукхабезаш болчу артистех керланиг довзуьйтург хиларх а».
«Мукъамийн хьаьрмахь» книгин турпалхоша, Нохчийн Республикин халкъан артиста Межидов Сахьаба илли а олуш, Нохчийн Республикин хьакъйолчу артисткас Асхабова Хадижата йиш а локхуш ерзийра суьйре.
ВЕГИЕВА Макка
№92, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де