Нохчийн Республикерчу 355 дешархочо зеран кепара йолу Пачхьалкхан коьрта экзамен информатикехула дӀалуш ю. Иза дӀаялар компьютеран кепехь дӀахьош ду (2020-чу шарахь и экзамен кехатийн кепехь дӀаеллера).
2021-чу шарахь Пачхьалкхан коьрта экзаменан тӀедахкарш компьютеран кепехь кхочушдаро гӀо дийр ду экзамен дӀаяларан низам тодарна а, иза керлачу кепехь дӀаяла Ӏамарна а тӀехь.
Зерашна юкъа 27 тӀедиллар догӀу, царах 10 тӀедиллар коьрта а, 13-кхин а чолхечу а, 4-лаккхарчу а чолхаллин тӀегӀанехь ду.
ТӀедахкарш кхочушдан луш йолу хан 3 сахьт а, 55 минот а ю.
Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствос хаам барехь, вайн республикехь Пачхьалкхан коьрта экзамен дӀаяларна билгалъяьккхинарг 14 пункт ю.
Информатикехула йолу Пачхьалкхан коьрта экзамен 2021-чу шарахь дуьххьара компьютеран кепехь дӀалур йолуш ю.
Рособзорнадзоран куьйгалхочо Музаев Анзора билгалдоккху: «Вайн ерриге а регионашкара экзаменаш дӀалуш йолчу пункташкахь долу техникин хьелаш талла дезаш ду. Экзамен компьютеран кепехь дӀаяларан бехкамаш бевзаш хила беза экзамен дӀаялар вовшатухуш болу нах а, экзаменан дакъалацархой а».
Зеран экзамен дӀаяларо гойтур ду Пачхьалкхан коьрта экзамен дӀалуш хила тарлуш долу гӀалаташ я кхачамбацарш.
Роспотребнадзоран бехкамаш кхочуш а беш, ПКЭ дӀаялар чӀагӀдо Рособрнадзоро.
З.ХИЗИРОВА
№92, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де