ПохӀмечу берашна гӀо дийр ду

Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис бечу хаамца вайн республикерчу похӀмечу берашна гӀо дар кхин а лерринчу тидаме оьцур ду.

Оцу гӀуллакхна тIехьажийна кхочушъеш леррина программа ю.

«Берийн хьакъ йолу терго ян еза. Церан кхиар а, уьш деша гӀерташ хилар а хьесапе а оьцуш, церан дика агӀонаш кхиорна оьшу хьелаш кхуллуш хила деза вай. Дика дешарца а, оьзда леларца а билгалдевллачу похӀмечу берашца болх беш долу дукха хан ю вай», – билгалдаьккхина Х-Б.Дааевс.

2019-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикехь кхиамца кхочушъеш ю Къоман «Культура» проект.

Оцу проектан гурашкахь кхочушъеш федеральни 3 проект ю: «Кхоллараллин нах», «Терахьийн культура», «Культурин хьаьрма».

И проекташ вайн республикехь культурин министерствос дӀахьош ю. Масала, 2019-чу шарахь республикехь культурин 4 цӀа а дина, 2 учрежденехь капитальни ремонт йина, Соьлжа-ГӀалахь а, УстрадаГӀалахь а, Шелахь а, Хьалха-МартантIехь а модельни библиотекаш схьайиллина.

Россин Федерацехь а дуьххьара вайн республикехь схьайиллина концертийн виртуальни залаш. Ткъа «Кхоллараллин нах» проектан гурашкахь гӀо деш ду кхоллараллехь хьуьнарш, жигаралла гойтучу бахархошна. Иштта, гранташ луш ю халкъан коллективашна а.

2020-чу шарахь Къоман «Культура» проектана берийн искусствийн школашна гӀо дарехула керла кхин а цхьа статья тӀекхетта.

Оцу аьттонца Соьлжа-ГӀалин а, Устрада-ГӀалин а Берийн искусствийн школашкара материальни-техникин хьелаш кхузаманан лехамашна жоп луш тодина.

№92, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: