Хаяури Инга

Хаяури Инга йина 1980-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 28-чу дийнахь Бумматахь.

1998-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша яхна. Амма, тIом болабалар бахьана долуш, ГIалгIайн пачхьалкхан университете дехьаяла дийзира цуьнан, 2005-чу шарахь чекхдаьккхина цо и дешар.

Циггахь, «Ингушетия», «Вестник Сунжи» цIераш йолчу газеташкахь болх а бина цо.

Дуьххьара байташ язйина школехь юьхьанцарчу классашкахь доьшуш йолчу хенахь.

Карарчу хенахь «Синмаршо» цIе йолчу къоначу яздархойн тобанан декъашхо ю иза. Дакъалаьцна «Дебют» цIе йолчу Нохчийн Республикин кегийрхойн литературин къовсамехь.

Цуьнан говзарш арайийлина «Нана», «Орга», «Гоч» журналашкахь а, «Гумс» газет тIехь а, «Дебют» альманаха тIехь а.

Гуьйре

Наха хьо юьйцу, ю бохуш ирча.
Реза а боцуш яппараш етта.
Со-м хьуна реза ю мухха а хилча.
Хьо соьца хилча синтеме хетта.
Хьан ткъарш ца оьшу, хьо а ца оьшу,
Хьан догIанаш наха хьаьхна ма боху.
Ахь-м сан ойланаш къайлаха йоьшу.
Лазаме мел дерг а карла а дохуш.
Анайист ойланийн гуш доцуш доза,
Жималлин шераш а гIа-патарш можа.
Сан дахар заманан дитта тIехь кхозу,
Ношбелла стом санна, кечделла дожа.
Тийналла йоссаеш гIовгIане гIала,
ТIетеси буьйсано Iаьржа шен верта.
Соьца ахь боькъу хIора сан бала,
Суна хьо массарел тешаме хетта.
Къорда ца йина суна хьо хIинца а,
Шело сан дегIехь лаьхьанах хьерчарх,
Хьан пешахь кIегий а дисна дац цинц а,
Сингаттам боьссина Iаламан кхерчахь.
Гуьйре сан мокха. Сан шийла гуьйре,
Мархашлахь тилбелла малх хир бу лелаш.
Беттазза йогIуш го хIора хьан суьйре.
Ахь кхочуш дина-кха массо хьайн хьелаш.
Хьелур яц хIинца хьо. ГIур ю хьо кестта.
Машанах къестаран ойланаш тоьгуш.
Карор ю хьуна цхьаъ доггаха хьеста.
Юьсур ю цхьалха со, хьо яре хьоьжуш.
Яц суна, гуьйре, хьо я мокха, я ирча,
Хьан хенан хоттамо яппараш еттарх,
Со-м хьуна реза ю мухха а хилча.
Хьо соьца хилча синтеме хетта.

Ойла

Хьо сох хьерча шийла лаьхьа санна,
Сан синтеман херцош тийна гIала.
Юьхьарлаьцна тIаьххьарчу ханна.
Хьох сан дагна хили беза бала.
Со дIатевжа, набарха ахь йоху,
ГIенашлахь а орамаш дIахоьцу.
Болар сихдеш со дIайолаелча,
IиндагI хуьлий, кучан юьхьиг лоцу.
Хаац суна, ахь соьца хIун къуьйсу.
Буьрса ю хьо, цкъацкъа хуьлу коча.
Суьйре ерзош йогIу Iаьржа буьйса,
Йисна яьлла-техьа хьо сан кочахь?
Хьестало хьо экаме бер санна,
Малхе кхачош, йоккху ахь со тIома.
Юха дарлой, ши тIам кагбеш къиза,
Ахь чухоьцу баланийн сайн Iома.
Цхьа мIаьрго а, ойла, ахь ца юьту.
Кхечаьрца а юй-те хьо сел майра?
Вайн юкъара дов дерза ца дуьту,
Юккъе тосуш маслаIатан байракх.
Сан сица-м хьо гутаренна ийна,
Ахь со эший! Юха а хьо тоьлла.
Корехь буьйса башха хаза тийна,
Хьо сан коьртехь буьрса хьийза, ойла.

№92, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: