А-Хь.Кадыровн цIарах йолу Региональни юкъараллин фонд. Беркате г1уллакхаш

84259_original

Дукха ду А-Хь.Кадыровн цIарах йолчу региональни  юкъараллин фондо дахаран дерриге а дакъошкахь деш долу беркате гIуллакхаш. Уьш дагардина вер а вац. Фондан ахчанийн чоьтах дина маьждигаш, школаш, чохьIен хIусамаш, могашалла Iалашъяран а, культурин а учрежденеш. Дуккха а меттигаш ю фондо шен чоьтах гIийлачарна гIо-накъосталла дина, царна хIусамаш, цомгашчарна могашалла тояран гIирсаш эцна, уьш дарба лело кхечу регионашка а,  дозанал арахьа а бахийтина. Фонде иштта гIо доьху вайн республикехь бехаш боцчу бахархоша а. Иза царна, дуьйцийла йоццуш, хила а хуьлу.

Фондан къинхетам къаьсттина хаало хала цамгарш йолчарна. Ши шо хьалха ремонтан белхаш беш, чIогIа лазийра Курчалойн-Эвлахь вехаш волу Магомадов Iела. Иза вистхуьлуш вац, къора ву, меттахь висина. Амма къарвелла, кIел ца сецна, шен дагахь дерг бIаьргаэшара, байн корта меттахбаккхарца хаийта хаьа цунна. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Региональни юкъараллин фондо гIо а деш, Москвахь а, Израилехь  а дарбанаш лелийна,  дикка гIоле а хилла  цунна.

ХIокху деношкахь Магомадов Iела волчохь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо  Кадыров Рамзан. Цуьнца цхьаьна вара республикин муфти Межиев Салахь а, Тепсуркаев Хасу а. Р.Кадыровс дикка хан яьккхира цомгашчун хIусамехь, цуьнца дас, вашас санна даггара къамел а дира. Хаалуш дара республикин Куьйгалхочо дегайовхо кхуллуш, даггарчу гергарлонца цуьнца яьккхинчу хено а, дог хьостуш, динчу къамело а цомгашчун дог-ойла гIаттийна хилар. Р.Кадыровс хаам бира Региональни юкъараллин фондан президента Кадырова Айманис кхидIа дарба лело I.Магомадов Чине вахийта сацам бина хиларх лаьцна.

«Вай тешна ду цо дарбанаш лело Iелина гIо дийриг хиларх. Ас Iелица  цхьа сахьт сов хан яьккхира. Иза цIена бусалба стаг ву. Цо дуккха а шерашкахь берашна Iаьрбийн йоза а, Къуръан деша а Iамийна. Сан йоккхах йолчу йоIана Iайшатана Къуръан Iамош цуьнан хьалхара хьехархо вара иза. Тхо цунна баркалла бохуш ду. Дерриге а Сийлахь-воккхачу Делан карахь ду. Ткъа вай берриге  а ницкъаш тIебохуьйтур бу Iелина тахана долуш долу лоьрийн дарба хилийтарна!. Дала маршалла дойла цунна», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.

 

С.РУСЛАНОВ

№ 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: