Нохчийн Республикин культурин министерствон культурин а, искусствийн а белхахойн говзалла лакхаяккхаран дешаран-методикин туьшо, А.Айдамировн цӀарахчу республикин Къоман библиотекица цхьаьна республикин библиотекийн директоршна а, методисташна а лерина вовшахтоьхнера «Муниципальни библиотекашкахь методикин болх тобарехь а, урхалла дарехь а кхузаманан технологеш» программехула кечйина йолу семинар-практикум.
Семинар-практикуман болх дӀаболош, Культурин министра Дааев Хож-Баудис билгалдаьккхира вайн республикин куьйгалло культурин хьаьрма а, цуьнан материальни хьелаш а тодарехь, бахархойн хьашташ кхочушдарехь дӀахьош боккха болх хилар.
Шайн белхан меттигашкахь ешархойн хьашташна само еш хиларе кхайкхира цо.
Уггар хьалха библиотекийн директорийн бала кхача безаш бу библиотекийн болх эвсаре хилийтаран а, библиотеки чохь оьшуш дерг хилийтаран а.
Лехамаш хӀора дийнахь лакхабовлуш бу. Кхечу хьаьрмашкахь санна, культурин хьаьрмахь къахьоьгуш верг а заманца цхьаьна дӀаваха Ӏама везаш ву.
Семинар-практикуман дакъалацархошна юкъахь, тесташ кхочушъеш, жамӀаш дира.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№92, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де