Межиева Маретан концерт

Вайн махкахошна дукхабезачу артистех цхьаъ ю Нохчийн Республикин хьакъйолу артистка Межиева Марет.

Дукха хан ю цо сцени тIехь къахьоьгу а, цуьнан доза доцчу хьуьнаро вайн махкахойн дегнаш деладо а.

Межиева Марет хелхайолу, цо шатайпанчу башхаллица къаьстачу озаца йиш локху, забарийн интермедешна юкъахь дакъалоцу. Ткъа коьртаниг, Межиева Марет Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан драмин театран актриса ю.

Дукха ю нохчийн къоман театрехь Марета дакъалоцуш хIиттийна спектаклаш. Уьш ю: «Лаьмнел лекха», «Шен цIа – цIен цIа», «Марчо эца вахнарг», иштта дуккха а кхиерш.

Режиссера Ахмадова Хьавас нохчийн къоман театран сцени тIехь хIоттийна «Ханума» спектаклехь гиначунна цкъа а йицлур йолуш актриса яц Межиева Марет.

ХIокху деношкахь шен сольни концерт кечъеш ю иза. Концертехь дакъалоцуш хир бу вайн махкахь гIарабевлла бевза артисташ. Шен дуьххьарлера сольни концерт Нохчийн пачхьалкхан драмин театрехь дIаяхьа лерина ю похIме актриса.

ХIинцале билгалъяьккхина Маретан сольни концерт хинйолу хан.

Кху шеран лахьанан (ноябрь) беттан 28–29-чуй деношкахь суьйранна 18 сахьт 30 минот яьлча дIайолор ю концерт.

Цига веанарг дохковериг цахиларан дегайовхо кхобу, концертана кечлуш болчу артисташа: Россин Федерацин хьакъйолчу артисткас Межиева Маккас, Нохчийн Республикин искусствийн хьакъйолчу гIуллакххочо Ахмадова Хьавас, Нохчийн Республикин халкъан артисткас Гетагазова Iайнаа, Нохчийн халкъан артиста Хасанов Тимир-Болата, къоначу артисткас Исаева Iайнаа, иштта дуккха а кхечара.

А.АЗИЕВА
№92, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: