КхитIе а – 8 млрд.
МАЙКОП. 2021-чу шарна Адыгейн Республикин бюджетан проектехь билгалйина хиллачу 10,7 миллиард соьман барамехь йолчу трансферашна тIекхетар ду кхин а 8 миллиард сом сов ахча. Иштта сацам хилла федеральни бюджетан проект йийцаре ечу хенахь.
Регионна тIера волчу Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата Резник Владислава билгалдаккхарехь, оцу ахчанах 4,5 миллиард сом республикин бюджет нисъярна тIехьажийна йолу дотацеш ю:
— 500 миллион сом гергга ахча къастийна бюджетан декъан белхахошна алапа лакхадаккхарна.
— 254 соьмал сов ахча билгалдина могашаллаIалашъяран юьхьанцара дакъа тодарна.
— 244 сом сов ахча дIахьажор ду школашкахь юьхьанцарчу классийн дешархошна бовхачу кхачанца кхачоярна, берийн бошмашкахь кхитIе а меттигаш кхолларна – 200 миллион сом, 3-нна тIера 7 шаре кхаччалц долчу берашна хIора баттахь ахча даларна – 1 миллиард сом сов, классана куьйгалла дарна хьехархошна дала 223 миллион сом сов ахча.
Хаъал алсам ахча билгалдина Адыгейн экономика кхиорна. 700 миллион сом сов дIахьажор ду инвестицийн проектийн гурашкахь цигахь туристийн кластеран объекташ ярна.
Ма-дарра аьлча, шозза сов алсамдер ду федеральни бюджето регионна ден долу гIо.
Цо таро хуьлуьйтур ю бахархошна бина хилла берриге а тIелацамаш буьззинчу барамехь кхочушбан.
Iаьнан дежийлашка…
ХIИНЖА-ГIАЛА. ХIокху Iай Дагестанан ламанан меттигашкахь долчу аьхкенан дежийлашкара 1,3 миллион сов долу уьстагIий а, гезарий а Iаьнан дежийлашка охьадало сацам хилла. Царах коьрта дакъа Кочубеевски зонехь долчу дежийлашна кхочу – 700 эзар корта уьстагIий а, гезарий а, 38 эзар бежана а.
Оцу зонин къилбаседерчу декъехь эсаран (октябрь) баттахь хиллачу чIогIачу мехаша хаъал доккха зен дина Ногайски а, Тарумовски а кIошташкарчу дежийлашна.
Карарчу хенахь цу тIехь болх беш ю жоьпаллин комисси. Цо билгалдоккхур ду юьртан бахамна хилла зенаш, къастор ду уьш цхьана декъана меттахIитторна дан деза гIуллакхаш а, Iаламан бохам хилар бахьанехь хилла зенаш меттихIоттош лун долчу ахчанан барам а.
Даьхнилелорхошна гIо дийр ду царна тIечIагIдина даьхни Iаьнан дежийлашкахь дIанисдан.
Дежийлех дикка дакъа пайдаоьцийла йоцуш юкъара даьллехь а, регионан юьртабахаман ведомствехь тешна бу дохно Iадаккхар кхиамца вовшахтоха шайн ницкъ кхочург хиларх.
Цунна тоьшалла ду тахана републикехь деш долу гIуллакхаш а.
Болх бан юьйлайолуьйтуш ю предприятеш
МАГАС. Цхьа шо хьалха ГIалгIайчоьнан Правительствос леррина кхоьллина хиллачу белхан тобанна тIедиллира регионехь гIуллакх ца деш лаьтташ йолу 11 предприяти меттахIотторан гIуллакх къастор.
Царалахь инвесторша хьалха тидам тIебахийтинарг нуьцкъалла йоккха йоцу Несарера электродвигателийн завод яра.
Хонкарарчу компанис билгалдо цигахь кхаа тайпана продукци арахецар (дагадаийта луур ду иза 2005-чу шарахь гIуллакх дан йолаелла хилар. Тап-тайпанчу бахьанашна предприятис 2018-чу шарахь шен болх сацийра, ткъа белхалой, алапа а доцуш, отпуске бахийтира).
Тахана орамашкара дуьйна хийцалуш ду заводера хьал. Йоццачу хенахь баккхий хийцамаш хилла цигахь.
Инвестора иза меттахIотторна хIинцале а юкъадиллина 100 миллион соьман барамехь ахча. Коьрта продукци, – шена юкъайогIуш спортивни а, леррина а мачаш а йолуш, цIеначу а, искусственни а тIаьрсигах мачаш яран ши лини зеран Iалашонца болх бан йолаялийтина шолгIачу предприятехь.
Цуьнца цхьаьна, фабрикехь вовшахтоьхна юьйцина а, трикотажни а пазатан хIуманаш арахецар, кехатах а, картонах тайпа-тайпана хIуманаш яр. Ша-шаха хилла дац иза. Шен хеннахь вовшахтуьйхира цигахь белхалой балха эцар а, керлачу гIирсашна тIехь гIуллакх дан Iамор а.
Оцу дерригено таро хуьлуьйтур ю хIара шо чекхдалале фабрикехь ерриге а нуьцкъаллаш гIуллакхна юкъаяло.
Уггаре коьртаниг лору республикехь белхан меттигийн барам алсамбалар.
Цкъачунна шина предпиятехь кхоьллинарг 200 белхан меттиг бен яцахь а (цунна юкъа ца богIу гIоьналлин белхахой), кхузахь Iалашо хIоттийна герггарчу хенахь церан барам хаъал алсамбаккха.
Кхерамазаллин некъаш
ЭЛИСТА. Къоман «Кхерамаза а, дика а автомобилийн некъаш» проектан гурашкахь хIокху шарна билгалдинера ГIалмакхойчохь 80 километр некъаш тодар.
Царах 59 километр некъаш регионан маьIна лелош дара, 21 километр – Элиста гIалин дозанашкахь. Шайн декхаршца кхиамца ларийна ала мегар ду регионан некъашдахкархой.
ХIара шо долалуш некъаш битаме далорна хIоттийна хиллачу 30 контрактах хIинцале а буьззинчу барамехь кхочушйина 28.
Берриге а бохург санна белхаш кхочушбина регионан маьIна лелош долчу юкъара пайдаоьцуш долчу некъашкахь.
Дукхахйолчу объекташкахь бинчу белхийн лаккхара мах хадийна тIеэцаран комиссис.
Иза, уггаре а хьалха, хьакхало коьртачу шахьаран Волгоградски, Хомутниковн а, Веткалован а цIарахчу урамех.
Хин керла объекташ
ЧЕРКЕССК. Кхарачойн-Чергазийчоьнан Ногайски кIоштарчу Эркен-Юьртахь чекхбаьхна къилба-малхбален агIорхьа хица кхачояран объекташ яран белхаш.
2,782 километр йохалла хин сеташ яхкар бахьанехь, хица юьззина кхачойина Курмангуловн а, Еслимесовн а цIарахчу, Юбилейни урамашкахь бехачу бахархошна.
Билгалдаккха догIу юьртахь хица кхачояран объекташ яхкар стохка дIадолийна хилар.
Оцу шарахь 1 180 метр йохалла биргIанаш яхка ницкъ кхечира коммунальщикийн.
Белхаш чекхбахаро таро хилийтина юьртана буьззинчу барамехь молучу хица кхачоян.
Кхиаран боларш
БУРУ-ГIАЛА. 2014-чу шарахь дуьйна дуьххьара кху шеран исс баттахь Къилбаседа ХIирийчоьнан промышленность кхиаран индекс дIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича 130,7 процент хилла.
Пачхьалкхан статистикин Федеральни службин меттигерчу урхаллин куьйгалхочун заместитела Быкадоров Олега чIагIдарехь, промышленни производствон индекс кхиарна Iаткъам бо оцу декъан жижиг, зIакардохнан жижиг даккхарехула, йоьхьийн хIуманаш, шампански чагIарш, минеральни хиш арахецарехула гIуллакх деш йолчу производствоша.
Цунна, иштта, Iаткъам бира кху шеран чиллин (февраль) баттахь болх бан йолаеллачу Зарамагски ГЭС-о а.
Изза ала мегар ду юьртан бахамах лаьцна а. Юьртабахаман культурашна къастийна майданаш алсам а яьхна, 167,8 эзар гектаре дIакхачийна уьш.
Хьалха а санна, коьрта меттиг дIалоцу буьртиган ялтийн а, ялтийнкхоьийн а культураша. ХьаьжкIаш кхиор алсамдаьлла 10,9 процентана.
Уггаре лакхара гайтам бу Кировски кIоштахь – хIора гектара тIера гулйина 48,8 центнер хьаьжкIаш. Кхиамца кхуьуш ду даьхнилелоран дакъа а.
Товбецан (сентябрь) бутт чекхболуш динчу хьесапашца дохнан барам алсамбаьлла 3,9 процентана, 94,7 эзар коьрте дIа а кхаьчна. УьстагIийн, гезарийн барам кхиъна 37,7 процентана.
Тахана республикехь 122,6 эзар корта ю уьш.
Кхин а цхьа мехала дакъа – гIишлошъяр. Кху шеран чекхбаьллачу исс баттахь долаллин ерриге а хорманийн организацеша гIуллакхна юкъаялийна шайна чохь 206,8 эзар квадратни метр йолу 2 680 хIусам.
Долахоша динчу цIенойн барам 56,6 эзар квадратни метре кхаьчна.
ДIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича 53,3 процентана алсам хуьлу иза.
Кхачанан сурсаташ арахецар кхуьуш ду
СТАВРОПОЛЬ. Крайхь юьхьанцара жамIаш дина кху шарахь кхачанан сурсатийн а, гIуллакх дечу а промышленносто бинчу белхан.
Кхачанан сурсаташкахула а, гIуллакх дечу промышленностехула а йолчу регионан комитетан председателан хьалхарчу заместитела Дубинина Аллас бечу хаамца, чекхбаьллачу исс баттахь кхачанан сурсаташ арахецар алсамдаьлла 6,4 процентана.
Алсамдаьккхина коьрта сурсаташ – нехчанаш, бежанан, хьакхин, уьстагIан жижиг даккхар, зIакардохнан жижигах ахфабрикаташ яр, шура, Iаьвнаш, ораматийн даьтта, минеральни хиш арахецар. Церан кхиар 15 проценте кхаччалц хилла.
195,5 миллион долларе кхаччалц кхиъна гIуллакх дечу промышленностан сурсаташ экспорте дIадахьийтар, аьлча а, дIадаханчу шарца дуьстича 19 процентана тIекхетта.
Кху шарахь кхачанан сурсатийн декъехь кхочушъеш ю шайн юкъара мах 6,4 миллиард сом а болуш, белхан керла 814 меттиг кхоллар билгалдеш йолу инвестицийн 11 проект. Царах шайн юкъара мах 750 миллион сом гергга болуш йолу йиъ проект хIинцале а кхочушйина. Ша аьлча.
Шпаковски кIоштахь йина гезарийн шура яккхаран а, цунах гIуллакхдаран а комплекс, Новоалександровск гIалахь баьпкан сурсаташ арахецаран, Александровски кIоштахь шура яккхаран а, шурин сурсаташ кечдаран а производствош.
Ткъа Невинномысск гIалахь арахеца долийна кондитерски даарш. Дийнна схьаэцча – кхоьллина белхан керла 238 меттиг.
КарадогIучу шина шарахь регионехь билгалдина 12,2 миллиард соьмана инвестицийн кхин а 6 проект кхочушъян.
Цо таро хуьлуьйтур ю белхан 1 150 меттиг кхолла.
Интернетан хьостанех пайда а оьцуш, хаамаш кечбинарг – ХАНУКАЕВА Дагмара
№92, лахьанан (ноябрь) беттан 25-гIа де