1492-чу шеран 2-чу августехь, хIинца дуьненна вевза Христофор Колумб, Испанерчу порт паласера, кхаа хIордкеманах лаьттачу («Пинта», «Санта Мария», «Нинья») шен каравеллица бердйистера дIашершира, керла латтанаш лаха йолчу Iалашонца. Сутаралла яра синтем байъина, аьрха са акха доккхуш, генарчу аналле кхойкхуш, иза новкъа ваьккхинарг. Цунна чIогIа лаара Индин пачхьалкхан губернатор хила. Амма Европера Инди боьду некъ цу заманахь билгал балаза бара. Цундела дукха хиш раз-пурх цистина, Атлантически океан хадийна Колумб, Гуанхи цIе йолчу гIайри тIе кхечира. Катоьхнна гIайри шен дола йоккхуш, цо Сан-Сальвадор аьлла цIе тиллира цунна. ТIаьхьо хуур ду, даккхий а, кегий а хIордашкахь хехкалуш, тилавелла, Христофор Карибски хIорда тIе кхаьчнийла (хIинца Куба йолу агIо), ткъа цу муьрехь, кху хIордаш гездархочунна, ша Инди кхаьчна моьттуш хилла. Цунах дIаяхана ю цигахь дехачу тайп-тайпанчу къаьмнийн, индейцаш боху цхьа цIе. ХVI-чу бIешарахь испанхой а, португалхой а цIубдарш санна тIелетта бекхна цу махках. Колумбан экспедици доьазза хилла цу меттигашкахь керла латтанаш лоьхуш. Иштта схьайиллина къилбера, къилбаседера Iамаркаш. Ирокезаш, апачи, минго олуш Iаламат машаре къаьмнаш хилла, хIинца США пачхьалкх йолчу меттехь Iаш-дехаш. Лаьттаца къахьоьгуш бохкуш цхьа мисканаш хиллачух тера ду. Юьйш, ерзош гIабакх, кхоьаш, хьаьжкIаш хилла церан. Куьйгана говза пхьераш хилла царна юкъахь. Герз хIун ю хууш нах ца хилла. Юьхьанца цига дIагIертачу кIайчу адамашца уьйр-марзо йолуш, доттагIалла лелош хилла цара. Шайна хуург тIебаьхкинчарах хьулдеш ца хилла. Iама луучунна гIо-накъосталла деш хилла. Амма ХVII-чу бIешарахь ингалсхой, французаш, кхиболу европахой дIалеста буьйлабелла цига. Сутаралло карзахбаьхна, дешина тIекхача йолчу Iалашонца, гIиртина уьш цу агIор.
Амма кхидолчу къаьмнийн векалш дуьненан даьхни бахьанехь цига гIерташ хиллехь, ХVII-чу бIешеран юьххьехь дуьйна ингалсхой индейцашкара ямартлонца мохк схьабаккха Iалашо йолуш хилла. Дагахь хIума доцуш болу апачеш, ирокезаш, мингош лебеш, цаьргара латтанаш схьадаха мекарлонаш лелош хилла ингалсхоша. Цхьа пайда боцчу хIуьмалгех хийцамаш беш хилла. Масала тахана Нью-Йорк цIе йолу йоккха шахьар лаьтта меттиг, 24 доллар мах болу детин мIерий, къегаш долу туьтеш делла ирокезашкара схьадаьккхина ду.
Дикка мур баьхьна индейцаша ингалсхоша шайна лелочунна тIаьхьа ца кхуьуш. ТIаьхьакхиа боьлча дов дIахьедина, тIедаьхкина кIайн адамаш лахка а гIоьртина бухарнаш. 1675-чу шарахь дуьххьара тIом болало ингалсхошний индейцашний юкъахь. Толам ингалсхошкахь болуш боьрзу тIом. Цул тIаьхьа, бIе шо сов хан яьлча, кхин цхьа гIаттам бо индейцаша, шайн латтанаш кхайкхаза баьхкинчу хьешех дIацIандан болчу лаамца. Амма иза а 1783-чу шарахь ингалсхойн толамца боьрзу, церан герз нуьцкъала хиларна. Дуьненна цкъа а гина йоцу къизаллаш лелайо ингалсхоша индейцашна тIехь. Къинхетамза ягайо церан лаппагIнаш, эзарнашкахь дойъу бехк боцу адамаш. Юьхьанца дуьйна индейцаш хьекъална кIезиг, акха адамаш хетта ингалсхошна. Цундела уьш ир-кара хIиттош хиллачу ингалсан пачхьалкхан куьйгалло а могуьйтуш хилла индейцашна тIехь латто къизаллаш. Бакъду, шаьш тоьле бевлча, ахчанца, герзаца, эскарца шайна гIортор хилла лаьттинчу ингалсан паччахьаллина дуьхьал герз дерзийна Iамаркахоша 1775-чу шарахь. Ингалсан паччахь Георг кхозлагIниг волуш дIаболало луьра къовсам. БархI шарахь дIабоьду и тIом США-с шен цхьаннех йозуш цахилар къуьйсуш. 1787-чу шарахь дуьххьарлера Конституци тIеоьцу, хIинца США ларалучу меттехь. Цуьнца догIуш ма-хиллара, 1789-чу шарахь дуьххьарлера США-н Президент хоржу Джордж Вашингтон. Дуьххьарлера США-н президента индейцашца цхьа гIиллакх лело кеп дIакхехьнехь, США-н йолхалгIа президент Куинси Адамс куьйгале веачхьана, даррехь ямартло лелайо индейцашца Iедало. Куинси Адамсан пурбанца 1825-чу шарахь США-н сенато керла закон тIеоьцу, дерриге латтанаш пачхьалкхан дола дохуш, индейцашна цкъачунна бакъо ло, шайна лаахь, цу латтанаш тIехь Iан-баха. Амма 1830-чу шарахь Эндрю Джексон президент волуш, кхин цхьаъ керла закон тIеоьцу США-хь, индейцашна пачхьалкхан малхбузехьа дIакхалхар тIедожош. И тайпа законаш къеггина тоьшалла ду, шайн орамашкара дуьйна, 1амаркахой харц адамаш хилар. Доцца аьлча, цу заманера схьайогIуш ю США-н ямартло а, харцо а. Бехк боцу, маьрша адамаш хIаллакдар а. Дуьххьара европахой Iамаркехь баржале 15 миллион сов хилла индейцаш, тахана цхьа миллион кхочуш бац. Уьш Iедало хIаллак байтина, вийначу индейцан цхьана туьтанах пхи доллар мах хIоттийна. Бисинарш резевацешкахь хьулбина бу. Цу юккъехула Iамарко юьйцуш адамийн бакъонаш ю, индейцаш адамаш доцуш санна.
Цкъа мацах сийлахь воккхачу бIонбаьччано Александр Македонскийс аьлла хилла: «Ас тIедожор ду царна ирсе хилар!». Цу сонтачу ойланца дуьненна «бIов» бохуш ю тахана США. Дала Iалашдойла вай церан диканах а, вуонах а. Форд, Гамильтон, Рокфеллер, иштта кхечу фамилийн ахчанаш ду дукха хенахь дуьйна хIара доккха дуьне карзах дохург, маьрша Iан-даха ца дуьтург. Церан ницкъ кхечира ХIХ-гIа бIе шо долалуш Бонапарт Наполеон гIатто а, цул хьалха даьккхина Росси харц ахча даийта. Цул тIаьхьа 150 шо даьлча, Адольф Гитлер а цара гIаттийра, тIаккха цул хьалха даьккхина харц ахча Россина чудаийтира. Дуьненна хууш ду харц ахча совдала доьлча муьлххачу пачхьалкхехь цхьана эшшара дIайоьдучу экономикин сема каглой. 1948-чу шарахь Аллен Уэлш Даллеса хIоттийначу «Росси хIаллакъяран некъаш» цIе йолуш юкъадаьккхинчу документа тIехь билгалдаьккхина ду иза. И документ дуьненна девзаш ду «План Даллеса» цIарца. Цу хоршахь шен ямарт болх дIакхоьхьуш хIинца «Канвас» цIе йолу цхьаьнакхетаралла ю. Малхбалехь хаддаза Iена цIий, лаьтта тIемаш, цу цхьаьнакхетараллин куьйгаэшара лелош ду. ХХ-гIий, ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь, Россехь цара лелийнарг вайна хIинца а диц ца делла. Бакъду, уьш совца дагахь-м бац.
Цунна къеггина тоьшалла ду 2015-чу шеран февраль баттахь вийна политик Немцов Борис. Иза а, Москвахь, Кремлана уллехь! Хьанна новкъа вара иза!? Иза дош-дезар хеташ мила вара!? Массара, буьзина, махьарш хьалагIертачу наха санна, деса къамелаш-м дора цо, дитта тIера котам охьаэккхо шен гуьнахь дацахь а. Ша губернатор волуш, цул тIаьхьа Кремлехь болх беш, хIун нисдинера цо, хIун хьалха даьккхинера!? Хилча хIун дара иза оппозиционер!? Iедалан мукъ шен карахь болуш диннарг бен дийр дарий цо оппозицехь а?! Борис Николаевич Ельцин вехначуьра ваставалале бохуш, сутара ка-м йиттира цара шаьш дакъазъяьккхинчу вайн пачхьалкхех. Нохчийчу тIом беара, дерриге а дуьненна вайх мостагIий тардеш. Нохчийчоь екъа еза аьлларг а вар-кх и Немцов, вайн къомана уггаре а хала зама тIееанчу муьрехь. ТIом дIаберза дагахь бац, референдум ян мегар дац баьхнарг вара. ТIом дIа ца боьрзу, дIаберзо некъаш ца лехча. Немцов санна болчара питанаш лелийча а ца боьрзу. Изза дара цо Украинехь лелийнарг а. Цунна чIогIа лаьара Росси тIамна юкъаозо, океанал дехьа болчу шен спонсоршна иза лаарна. И зуламе питанаш кегадарна луш дара цунна ЦРУ-с алссам ахча. Цара бийриг шайн ямарт болх бу. Цу тIехь тоххара карадирзина Iилма ду; дуьненна паргIат США-га «бIов» бахийта, Россин са малдан деза, боху маьIна бухе диллина. Адам карзахдаккха деза. Адамийн ойла оьгIазалле, йийсаре лацийта еза. Оцу Iилманна тIетевжина, жигара болх беш схьайогIуш ю Ходорковский Михаила кхоьллина фонд а. ЦРУ-с, цуьнан хьадалчаш болчу ХодорковскийгIара еригге а диларш интернетчу кхуьйсу, бакъ-харц къестош къа ца хьоьгуш. Царна дика хаьа, мукъачу нахана, тахана интернет чохь дерг бен кхин дуьне ца девзий. Цу пекъаршна тIеерзийна ю и декъаза хаамийн яккхий тоьпаш. Хаьа, хьаьвсина бевлча, сихха арабевлла цара эладитанаш даржор дуй. Интернет чохь дешнарг, бIаьргашна гучул а мехала, бакъ а хеташ.
Нийса хир дацара, дерриге дуьне Россина, цуьнан мехала дакъа долчу Нохчийчоьнна дуьхьал даьлла ду аьлча. Наггахь йолу сайт йолу бакъдерг дийца лууш а. Масала кху деношкахь ютуб чохь ю Iаламат говза, хьекъале яьккхина фильм «Гибридная война. Дело Немцова». Оцу фильмо ма-дарра, чулацаме схьадуьйцу, кху дуьненан массо маьIIехь Iамаркахоша лелочу харцонех, ямартлонех, Малхбалехь къинхетамза даржийначу питанех, Украинехь болчу сингаттамах, урх шен нуьцкъалчу кара лаьцна, Росси юха когахIоттийначу Владимир Путинах. Ткъа уггаре а коьртаниг, дуьйцу, дуьненан вукху маьIIехь йолчу США-на, Кадыров Рамзан новкъа хIунда ву?! Уьш (Iамаркахой) хIинца а Iабаза бу, Нохчийчохь бехк боцуш дайъинчу адамех. БIаьрхиш дакъадалаза болчу нохчийн нанойх, тийжачуьра юхаберзаза болчу йижарех. Царна Росси масийтта декъе екъа лаьа. Уггаре а хьалха Къилбаседа Кавказ Россех дIакъасто лаьа. ХIан-хIа. Вайх къахеташ юьхьарлаьцна Iалашо яц иза. Цкъа мацах декъазчу индейцашна шаьш бина дика болх бан лаьа царна вайна а. 1амаркахошна шайн дIаьвше ракеташ дIахIитто оьшу Къилбаседа Кавказ. Доза доцчу сутаралло зирх тесна кIамдар ду церан ца Iебачу цIийца дерг. Тахана дуьххьара бIаьрг бетташ бац уьш Кавказе а. Дукха хан ю оцу ойлано церан садуу. Ткъа Кадыров Рамзан дийна мел ву, церан иза дойла дац. Цундела дуьйцу харц мел дерг, мискачу адамийн цунах дог даккха лууш. Ткъа вай, мацах индейцаш шайна ма-хеттара, царна акха адамаш хета. Кадыров Рамзан, ша цхьаъ ву моьтту царна Путинна муьтIахь. Нийса хаттарш ду «Гибридная война. Дело Немцова» фильмехь хIиттийнарш. Немцов Борис хьан вийна хаа лууш белахь, цуьнца хилла Дурицкая Анна къайла хIунда яьккхина, хоьтту фильман авторша. Мехала теш хила тарлуш волу Алханов Аслан хIунда вийна? – хоьтту. Уггаре а коьртаниг, Ставрополерчу милицин хIун бакъо ю, тIом дIабирзина итт шо даьллачул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалара маьрша адамаш дайъа??? Иза а луларчу республикерчу цхьана жоьлго тIе пIелг хьажийнера аьлла!? Уьш а, иштта кхидолу хаттарш ду «Гибридная война. Дело Немцова.» фильмехь хIиттийнарш. ДогIуш хIиттийна хаттарш ду. Шен меттехь, хьал ма-дарра довзарна, дог лазарца хIиттийна хаттарш ду. Журналисташ декхарийлахь бу шайн Даймохк беза, цунна хьанала хила, шайн халкъан а, мехкан а бакъдерг дуьнене дIакхайкхо. Цхьана а кепара щеко йоцуш, «Гибридная война. Дело Немцова» фильман авторш царех бу.
Дуьйцийла йоццуш, чолхе зама ю вайна тIехIоьттинарг. ХIора а сема хила декхарийлахь ву, мукъачу нехан эладитанашка ла а ца доьгIуш. Дукха хан яц вайн кораш кIелахь бронетехника лаьттина. ПаргIат, тIера бедар яьккхина, вай набарна товжарх хьегна. Нохчийчохь цхьа керт яц, дIабаьлла тIом бахьанехь, уьйтIа тезет хIоттаза. Цхьа доьзал бац иэшам газа, хIусам йохоза. КхозлагIа тIом вайн наношка, йижаршка лалур бац! Бохамийн Iинчуьра, Дела орцах ваьлла, нохчий халла хьаладевлла, дукха хан яц. Иза цкъа а диц дан мегар дац. ТIекхуьучу чкъуре хаддаза, лергах мехий дохуш, дийца деза вайнаха хьегначу Iазапах. Вай боккха мах дIабелла таханлерчу зовкхе кхачархьама. Цуьнан пусар дан, цунах дозалла дан а, Веза-Воккхачу Дала хьекъал, доьналла лойла вайна.
ГАЗИЕВА Аза
№ 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо