Парламентан 15 шо кхачар даздар а, яйна орденаш юхаерзоран кхаъ а

Ша вовшахтоьхна 15 шо кхачар селхана билгалдаьккхинчу Нохчийн Республикин Парламенто, шен оьмарехь, 985 республикин закон а, 3 571 сацам а тӀеэцна.

Цул сов, къобалдина федерацин тӀегӀанера 9 608 закон а. 7 эзар сов цхьаьнакхетар дӀадаьхьна бахархошца, иштта, 5 эзар гергга – бахархой тӀеэцар а. Бахархоша дина 4 эзар сов дехар а теллина.

Республикин законаш дахаран коьртачу органан 15 шо кхачарна леринчу гуламехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, мехкан Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас а, министрийн кабинетан декъашхоша а, кӀоштийн дайша а, бакъонашларъяран органийн хьаькамаша а.

Цигахь билгалделира Нохчийн Республикина, метта а хӀоттийна, тӀеман муьрехь яйна хилла йолу пачхьалкхан 4 орден юхаерзийна хилар: Ленинан орден (1965), Октябрьски революцин орден (1972), Халкъийн доттагӀаллин орден (1972), Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден (1982).

И орденш республикина Ӏилманан а, могашаллаӀалашъяран а, производствон а, кхидолчу дакъошкахь а баккхий кхиамаш бахарна елла яра.

Нохчийчоьнна уьш юхаерзоран болх республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца дӀаболийна а, цхьана шарахь гергга дӀабаьхьна а бу.

Парламентан спикеран Даудов Мохьмадан тӀедилларца нийса а догӀуш, Нохчийн Республикин Къоман музейна дӀаелла и йиъ а орден.

Билгалдаккха догӀу уьш [меттахӀиттийна орденаш] Россин Федерацин Президента Путин Владимира куьг яздина хилар.

Нохчийн Республикин Къоман музейн директора Асталов Вахас а, Нохчийн Республикин Парламентан спикеран хьехамчас, историн Ӏилманийн кандидата Бугаев Ӏабдуллас а дӀадаьхьира орденаш дӀаяларан-тӀеэцаран гӀуллакх.

И.ИСЛАМОВ
№93, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: