Зудаберийн «Фирдавс» хоран капеллин итт шо кхачаран юбилейни концерт дIаяьхьира Д.Омаевн цIарахчу даздаран цIийнехь.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, республикин Культурин министр Дааев Хож-Бауди а, цуьнан хьалхара заместитель Кадырова Iайшат а, I.Шахбулатовн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонин директор Денильханова Тамара а.
– Зудаберийн «Фирдавс» хоран капелла еза цIе лелош ю. Зама чехка йоьдуш хиларе терра, тахана итт шо кхечи хIара тоба вовшахтоьхна. ХIокху итт шарахь цара вайн махкахь а, махкал арахьа а дуккха а концерташ елла, Дуьненаюкъарчу а, Ерригроссин а конкурсашкахь, фестивалашкахь дакъа а лаьцна. Уггаре а хьалха цара гойтург нохчийн къоман культурин исбаьхьалла ю. Йиш лакъарца а, хелхарца а лаккхара говзалла йолуш, хилла яьлла капелла ю ала мегар ду хIара. Нохчийн культура езаш болчеран цIарах а, сайн цIарах а даггара декъалбо капеллин артисташ а, церан куьйгалхой а, – элира Дааев Хож-Баудис.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а декъалбира юбиляраш: «Итт шо дукха хан яцахь а, «Фирдавсо» бина болу болх а, нохчийн халкъан культура меттахIоттош цо лаьцна дакъа а доккха ду, цуьнан мах а беза бу. И капелла вовшахтохарна юкъахь сан дакъа а ду. «Фирдавс» цIе ас билгалъяьккхина яра, ткъа цуьнан куьйгалло иза къобал а йина, тIеийцира. Дала мукъ лахь, кхидIа а кхиамаш а бохуш, болх бийр бу хIокхара. Дала тIаьхье беркате йойла!».
Декъалдаран дакъа чекъдаьлча, Кадыров Рамзана деза совгIаташ а, еза цIераш а елира артисташна.
Итт шо хьалха, зудаберийн «Фирдавс» хоран капелла вовшахтоьхначу Нохчийн Республикин а, ГIалгIайн Республикин а халкъан артисткина Ахмадова Аминина «Нохчийн Республикин искусствон хьакъйолу гIуллакххо» цIе елира, хIинца оцу капеллин директор йолчу Магомадова Заретина «Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо» цIе елира, иштта и цIе елира зудаберийн «Фирдавс» хоран капеллин халкъан музыкин гIирсийн оркестран артисташна Серитов Iийсана а, Шарипов Русланна а, режиссер-хIотторхочунна Авторханов Абумуслимана а, артисткашна Асхабова Заретина а, Ибрагимова Маремана а, ткъа бисинчарна – Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а делира.
Юбилейни суьйренехь зудаберийн «Фирдавс» хоран капелло хаза концерт гайтира. Итт шарахь гулъеллачу эшаршна юкъара тоьлларш а, керла эшарш а яра цара лекхнарш.
Цул сов, юбилейни концерт къагийнера нохчийн эстрадан артисташа – Россин Федерацин хьакъйолчу артисткас, Кадыровн Орденан кавалера Межиева Маккас а, Нохчийн Республикин халкъан артисткас, ГIалгIайн Республикин хьакъйолчу артисткас Гетагазова Iайнаа а, Нохчийн Республикин халкъан артиста Байкаев Мурада а.
ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
№93, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де