ХӀокху деношкахь, онлайн-рожехь леррина «горга стол» дӀаяьхьира Федерацин Советехь.

«Керлачу коронавирусан инфекцин тӀаьхьалонаш дӀаяхаран муьрехь туризман дакъа меттахӀотторца а, кхиорца а доьзна кхачамбацарш» дийцаре дарна лерина яра иза.
Нохчийн Республикин цӀарах, докладаш а еш, цигахь дакъалецира Нохчийчоьнан сенатора – Федерацин Советан социальни политикехула йолчу комитетан председателан заместитела Ахмадов Мохьмада, Нохчийн Республикин туризман гӀуллакхашкахула волчу министра Байтазиев Муслима.
Цо дийцира карарчу шеран хьалхарчу чийрикехь Нохчийчу, де-буьйса а доккхуш, богӀуш болчу туристийн барам 65 процентана алсамбаьлла хиларх лаьцна.
Республике 78 пачхьалкхера туристаш баьхкина хилар а билгалдаьккхира министра, оцу декъехь Къилбаседа-Кавказан федеральни округехь Нохчийчоь шолгӀачу меттехь хилар а чӀагӀдеш.
– КӀеззиг хан тоьъна Нохчийчоьнна туристашна езаялийта. Цундела, пандемин мур дӀабаьлча а, республике богӀуш болчу туристийн барам кхин а алсамбер ду аьлла, дог тешна ду тхо, – дийцира Байтазиев Муслима.
МУСЛИМОВ Абу
№93, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де