Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийн Республикин МВД-н куьйгаллица кхеташо д1аяьхьира Нажи-Юьртан районан Бена юьрта уллехь, 1аламехь.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Нохчийчохь машар, къепе ларъярехь бакъонаш ларъяран органаша йоккха меттиг д1алоцуш хилар.
– Вайн мехкан, республикин мостаг1ашна ца лаьа Нохчийчохь машар хуьлийла. Жима дерг а дестадой дуьйцуш, доцург кхуллуш, шайн ма-хуьллу вайн республикехь кхераме хьал ду моттийта г1ерташ бохку уьш. Амма ас д1акхайкхадо иза данне а ишта цахилар, Россехь а уггаре маьрша регион ю вайниг, мостаг1ашна луург вай долуьйтур дац. Нохчийчохь къепе ларъян, шайна т1едехкинчу муьлххачу а декхаршца ларош, бакъонаш ларъяран органаш ю вайн, – т1еч1аг1дира цо.
Иштта Республикин Куьйгалхочо д1ахаийтира таханлерчу дийнахь регионехь йолчу бакъонаш ларъяран органашна хьалха лаьтта коьрта декхар кегийрхой бандитийн тобанашна юкъабахарх ларбар хилар а, къаьсттина тидам ИГИЛ-н бандитийн тобанна т1ебахийтира цо.
«ИГИЛ г1еранан цхьа а х1ума дац бусалба динца дог1уш, я дозуш. 1еламнаха иза дийцаре дина а, д1акхайкхийна а ду. Боьха мел дерг лелош, бусалба нах бойъуш бу уьш. Вайн кегийрхошна иза д1ахаийта деза. Т1амна к1ел кхийса бен кхечу х1уманна оьшуш бац царна кегийрхой, ткъа вайн йиш яц уьш 1ехабайта, х1аллакбайта. Иза ду вайн коьрта декхар, – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.
Кхеташо чекхъяьллачул т1аьхьа Нохчийн Республикин МВД-н а, Россин МВД-н чоьхьарчу эскарийн а дакъоша вовшашца цхьаьна г1уллакхаш муха до гайтира.
Р.АРБИЕВ
№ 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо