
ХӀокху деношкахь, республикерчу некъашкара хьал а довзуьйтуш, тхоьца къамел хилира Нохчийчоьнан Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон Некъан боламан кхерамазаллин урхаллин пропагандин отделан хьаькаман Мадаев ИбрахӀиман.
– Де дика дойла! Сан хьалхара хаттар, ИбрахӀим, кхеташ ма хиллара, автомобилийн некъашкахь денна а хуьлучу бохамийн хьокъехь хир ду. Россин кхийолчу субъекташкахьчул а некъантранспортан бохамаш вай долчохь кӀезиг хилахь а, оцу бохамех бахьанаш а хӀуьттуш, лазош а, кхелхаш а бахархой бу вайн. Оцу хьокъехь хӀун эр дара ахь?
– Диканца вехийла! Нийса ду иза. Россехь санна чолхе дац хьал бохуш, вайн Ӏан йиш хилча а, некъан бохамашкахь лазораш а, кхелхарш а бу вайн.
Таханлерчу денна болчу хаамашца республикехь 204 некъан бохам хилла, 261 стаг лаза а веш, иштта, 91 стаг, мел халахеташ делахь а, кхалха а кхелхаш. Царах [кхелхинчарах] 10 бер ду, 16 шо кхачаза долу.
Вуьшта аьлча, некъан бохамаш хилар лахлуш догӀуш хиларна тӀе тидам бахийта беза, шайлахь бахархой лазор 14,1%-на а, кхалхар – 22,9%- на а лахделла а долуш.
Оцу хьокъехь Россин автоинспекцис билггал бина хаам бацахь а, махкахь а тоьллачарах вай хиларх тешна ду вай.
– Бохамаш хиларан коьрта бахьана хӀун ду: шайна тӀехь машенаш чехка хехка ойла кхуллу шера некъаш я некъан боламан бакъонаш ца евза водительш?
– Бакъдерг бакъ хила деза – некъаш дика а, шера а ду вайн. Иза, халахеташ делахь а, чехка хехкарна машенаш тӀекӀалйийларца боьзна бохамаш алсамбевлла.
Некъ шера хилча, бакъонехь магийначул а чехка хоьхку машенаш, ловзаюьйлуш меттигаш а нисло. Цигахь секундаш ю коьрта – машен, шеррачу некъа тӀехь хаьхкича, сацо ца лараво водитель… Иза галйолу, тӀаккха, некъан йисте а эккхий, тӀекӀалйолу.
Кхузахь, меттиг яьллачуьра, водительшка кхайкхам а, дехар а дан луур дара: Шера а, дика а некъаш машенаш чехка хехкарна лерина а доцуш, вай цхьана меттере вукханхьа атта, парггӀат дӀакхачийтарна лерина хилар диц ма дахьара вайх хӀорамма а.
– Некъан боламан бакъонаш лар ца ечу водителийн кхетам муха хийцалур бу? Оцу декъехь хӀун болх беш ю Урхалла а?
– Водителийн кхетам хийцарца бен хийцалур дац некъаш тIера хьал. Царах [водителех] хӀора а кхета везаш ву некъан боламан бакъонаш хӀунда а, стенна а оьшуш ю бохучух. ХӀунда оьшуш ю уьш? Некъан болам низаме хилийта а, некъашкахь къепе хилийта а. Стенна оьшуш ю уьш? Уьш ларъяр бахьана долуш, хӀора а водитель могаш-маьрша шен гӀуллакхе вахийтарна а, могаш-маьрша шен гӀуллакхера юха ваийтарна а.
Иштта, бахархойн кхетам лакхабаккхаран Ӏалашонца, республикерчу автоинспекцис а дӀахьо жигара белхаш, оцу балхана юкъа дешна нах а, молланаш а, юкъараллин организацеш а, патриотийн боламаш а ийзош.
Къаьсттина тидам тӀебохуьйту тӀекхуьучу чкъурана некъан боламан бакъонаш ларъяр марздаран балхана.
И болх оха Дешаран а, Ӏилманан а министерствоца цхьаьна дӀахьо школашкахь. Карарчу шарахь 1 эзар гергга мероприяти дӀаяьхьна оцу декъехь.
– ВидеодӀаяздаран системина еш яккхий харжаш ю Россехь. Вайн республикехь и система мел яьржина ю, иза мел эвсаре ю?
– Оцу системина еш яккхий харжаш елахь а, оцу системо и харжаш шех болучу пайданца меттахӀиттош ю, хӀунда аьлча, некъаца гуш Некъан боламан кхерамазаллин урхаллин белхахо вацара аьлла, водительшка бакъонаш ца талхайойту цо.
Нохчийчоьнан Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон Некъан боламан кхерамазаллин урхаллин хьаькаман дарже Черхигов Идрис хӀоьттичахьана дуьйна яржа а, кхиа а йолаелла и система вайн республикехь.
Видеошца а, суьрташца а дӀаяздаран системо, карарчу шеран 10 баттахь, 695 775- зза бакъонехь магийначул чехка машен хахкар гучудаьккхина республикехь, ткъа дIадаханчу шарахь, оццу муьрехь – 484 519-зза.
Оцу терахьаша а гойту и система Нохчийчохь кхуьуш, эвсаре хилар. Амма, кхузахь билгалдаккха догӀу цхьа хӀума: и система водительшна дуьхьал я хӀуьттаренна кхиош яц махкахь – некъан боламан бакъонаш а, низам а водительшка лардайтар ю цуьнан Ӏалашо.
– ИбрахӀим, хӀинца тӀаьххьара хаттар а ду-кх хьоьга… Дукха буй Пачхьалкхан автоинспекцехь болх бан луурш?
– Уьш бӀеннашкахь бу аьлча а харц хир дац-кх сан.
Тхуна иза хазахета, хӀунда аьлча, Некъан боламан кхерамазаллин урхаллица шайн дахар, болх боза лууш кегийнах хилча, Урхаллехь болх бар царна юьхькӀоме хеташ хилар гучудолу.
Делахь а, цхьа хӀума ду, схьахетарехь, коьрта а долуш… Пачхьалкхан автоинспекце балха вогӀуш верг деккъа цхьана алапин дуьхьа вогӀуш хила везаш вац, цуьнца цхьаьна, шаьш бахархошна а, некъан системина а пайде хилийтаран Ӏалашонца вогӀуш хила веза.
ХӀора а автоинспектор изза ойла еш а хилахь, водительша некъан боламан бакъонаш ларъеш а хилахь, Россехь а уггар хаза, цӀена, дика долу вайн некъаш уггар маьрша а, кхерамза а хир ду.
Ларлахьара шу, водительш! Ларбахьара аш кхиберш а! Дала тӀаьхье беркате йойла, зен-зуламах а, некъан хьовзамех а лардойла вай!
– Дела реза хуьлда хаттаршна кхачам боллуш жоьпаш даларна! Марша Ӏойла!
Интервью кечйинарг – И.ИСЛАМОВ
№93, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де