Лерринчу школин-интернатан дешархойн гайтам

1998-чу шарахь дуьйна лахьанан (ноябрь) беттан тIаьххьарчу кIирандийнахь Россехь билгалдоккхуш ду дуьненаюкъара Ненан де.

Оцу денна лерина А-Хь.Кадыровн цIарахчу галерейхь лерса ледара долчу а, къорачу а берийн лерринчу школин-интернатан дешархойн куьйгаговзарийн гайтам хилира. Иштта, шаьш бераш а дара цигахь дакъалоцуш.

Къеггинчу басаршца дехкина суьрташ а, поппарах а, алссам туьха тоьхначу деман бедах а йина сувенираш а, туьтех дина зезагаш а дара гайтаме дехкина. Гуш дара бераш корматалла йолуш хилар а, кхиарехьа гIулчаш йохуш хилар а.

Гайтам вовшахтоьхначу галерейн экскурсовода Магомадова Марема берашна дийцира Ненан де даздарх а, хIора беран дахарехь уггаре а сийлахь адам нана хиларх а лаьцна.

М.Магомадовас дуьйцург куьйгаишарца берашна гочдеш яра церан хьехархо Арсалиева Милана.

– Нана ю вайна дуьне довзуьйтуш ерг, нийсачу новкъахь вайна даха Iамош ерг, иштта шолгIа наной а хуьлий дIахIуьтту школашкахь, интернаташкахь болх беш болу хьехархой а. Цара йоккха хазна юкъаюьллу бере юкъараллехь шен меттиг дIалацийтарна, – билгалдаьккхира Магомадова Марема.

Гайтам схьабиллинчул тIаьхьа, галерейхула экскурси йира бераша.

ВЕГИЕВА Макка
№93, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: