Шелахь – социальни керла объекташ

Нохчийн Республикин къинхьегаман, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран министр Баширов Ӏусман хIокху деношкахь Шелахь хилира.

Оцу шахьарахь йина йовла гергаяханчу социальни объекташка хьаьжира иза. Юьйцург Бахархошна белхан меттигаш нисъяран туш а, къинхьегаман а, социальни кхиоран а отдел а ю.

Керла ечу гӀишлошна гуонахара майданаш битаме ялоран белхаш хӀинцале чекхбаьхна. Карарчу хенахь чуьра белхаш дӀабахьарна тӀехь къахьоьгу гӀишлошъярхоша – бовла гергабахана а бу уьш.

Социальни керлачу объекташкахь, кхузаманахьлерчу лехамашца догӀуш а долуш, бахархошна а, белхахошна а мел оьшу хьелаш кхуллур ду.

Цул сов, бахархойн хIинца таро хир ю электронни рагI йолчу системах пайдаэца а.

Министра билгалдаьккхира гӀишлош улуллехь еш хиларо хӀинццалц гӀишлош вовшашна ген-генахь хиларца доьзна меттигерчу бахархошна хилла халонаш дIайохург хилар.

ГIишлошъяран белхаш Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан чоьтах дӀахьош бу.

ХӀоттийначу планаца, дикаллина хуьлуш иэшам а боцуш, дика ларош бу гӀишлошъярхой.

ГӀуллакх кхин гал ца далахь, герггарчу хенахь йина яла езаш ю и ший а объект.

КАНТАЕВ Абумуслим
№93, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: