Лаьмнийн Итон-Кхаьллан кIоштарчу Культурин цIийнехь гуьйренан сирлачу дийнахь дIахьош дара зударий базбаран деза де. Дуучух-молучух Iанаяханчу стоьлашна гонаха Iара къона а, гIеметтахIиттина а, ханъяьлла а зударий-наной, денаной, ненананой.
КIоштан хьаькамаша хастамечу дешнашца, совгIаташца, зезагашца декъалбора уьш. Царна лерина хезара сцени тIера Джамалдинов Исламан, Исраилова Тумишин, Кагерманова Раисин, Эльдарханов Ахьмадан иллеш, эшарш.

Хелхарна юкъабовла ийзалучу кегийрхоша эрна дIаоьхуьйтура хелхаран мукъамехь ека эшарш. Оццу муьрехь, хьалхарчу гIантара хьалагIаьттира маьлхан зIаьнаршлахь цIастах догучу гуьйренан бошмийн гIан басахь коч юьйхина зуда.
Кучан басал сирла дара цхьа тIам тIехьа тесна тиллина тапта. Шегара Iаса сценах дIа а товжийна, жимма елааьшна-а, кегийрхой болчу агIор бIаьрг а кхарстийна, дайн боларца (Iаса а ца оьшуш!) йолаеллачу цо, хелхаран го тесира.
Леккха айдинчу куьйгаша а, хьалха-тIаьхьа муьлхарниг боккху ца къасталуш шаршочу когаша а гIургIезан боларх тардора цуьнан хелхар.
Гуш дара, иштта хелхар дуьххьара деш цахилар. ДIаьндаргах хьаьвзира, гона юккъе иккхина, лекхачу дегIахь жима стаг. Хелхарчийн ларамна хьалагIевттира хиъна Iийраш, самукъадаьлла, тIараш деттара гулбеллачара.
«Иза мила ю?» – хаьттира ас уллехь нисъеллачуьнга. Хелхарча суна цайовзарх, жимма цеце жоп хезира суна: «Кхокхатара Вагуева Халипат ю-кх!».
Цул тIаьхьа 3–4 бутт баьлча евзира тхойшиъ.
Итон-Кхаьлла хьалабоьдучу некъана аьтту агIор Iуьллучу лаьмнийн жимачу юьртан Кхокхатан дехьа йисттерчу гу тIехь гучу ши гIат долчу цIенош чохь еха Халипат.
Малх кхетча, генара го цуьнан цIенош, тахана дахкарла дахана къаьсташ а дацара. Улле мел гIоьрти а, дохк айлуш хиларна, мел-меллаша гучудолу Халипатан цIа туьйранерчу гIопах тарло.
Доккха аьчкан ков, гIар йоцуш, паргIат схьадиллича, тIулг биллинчу уьйтIа волу. Аьтту агIор терхешца кечйина хьалаволийла йолу арара неI сирлачу куьзган бIаьргашца лепа, амма суна хетарехь, кху терхеш тIехула хьалаохьа йисса аьтто болуш яц хIусамнана, цундела аьрру агIор схьайирзина со шуьйрачу пенашна юккъера готто кораш долчу цIийнан неIаре кхочу.
Туьйранашкахь ма-аллара, мерз багийча санна, ерриг ела а елла дуьхьалъяьлла Халипат, оцу гIопан са доллу меттиг Iалашъен хIусамнана ша хиларе терра, хьаша тIеэца дуьхьал яьллера. Мацахлера къегина духар доцу иза тахана, цхьа уллера гергара а, аьхна а, даима евзаш хилча санна а хийтира суна.

…Вайн халкъан дукхахболчу зударийн санна, хала хилла Халипатан дахар а.
Шаройн лаьмнашкахь йинехь а, цхьа кIеззигчу шерийн бералла Итон-Кхаьллахь дIаяхана цуьнан. Дахарна болчу аьттонна Шарара охьадеанера кхунан да-нана.
Цунах а кхин дIогара аьтто ца хилира. Дерриге а халкъ санна, 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь, хIорш а махках бехира.
Шалон сецча, хи эца ваханчохь, юьстахваьллера аьлла, салташа тоьпийн баххаш диттина, валаза вагон тIе кхоьссина да Джабраил дукха ца вехира Актюбински областан Темирски кIошта хIорш дIакхаьчча.
Цамгар кхетта нана а, иза санна цомгашнаш гулбинчу цхьаьна цIа чу дIаяьхьира. 7 шо долу Халипат а, кхул 3 шо жима ваша Зеламха а берийн цIийне кхечира.
– Шийла а, меца а дара тхан дахар, – дагалоьцу цо, – бакъду, доллучул а халаниг ненах, вешех хилларг цахаар а, и хаа меттиг цахилар а дара. Тхайн фамили а, ден-ненан, гергарчийн цIераш а хаьара суна. Цундела йисиркх, адамийн хIуьрлахь доьза ца йовш.
Оьрсийн а, казахийн а берашца цхьаьна берийн цIийнехь 10 шо даьккхира йоIа. ХIинца а ца дицло цунна дийнахь кхузза шайна луш хилла бIе грамм Iаьржачу мекхан худар а, Iовнан чорпа а.
«ХIетте а, меца даракх, – дагалоьцу цо. – И бахьана долуш, берийн цIийнан гIоьналлин бахаман лаьтта тIера картол а, жIонк а, копаста а гулйинчу арара шан гIорзанаш хилла Iохку и хIуманаш юура, царах ун хуьлура».
Берийн цIийнерчу школехь дика дешар массеран а декхар дара. Школа юьстахо хиларна, цига кхиорхочо дIадуьгура бераш.
«ТIе-кога юхург беркъа хиларна, дIакхачале шелделла куьйгаш, пехаш санна, дестара, – дуьйцу Халипата. – Парти тIе виъ цхьаьна хуура. Дешарна тIаьхьа цакхуьург, классан сонехь лаьттачу кегийчу тIулгаш тIехь гора латтавора. Казахийн а, оьрсийн а мотт ца хуучу суна, юьхьанца чIогIа хала дара, жимма тIаьхьа-м ший а мотт Iемира».
Сталин кхелхинчул тIаьхьа махкахдаьккхинчу халкъана тIера Iедалан чIагIо мелла а малъелира. Йоккха хила йоьлла Халипат а ойла ян юьйлира.
Комендантана тIеяхана, шен гергарнаш лахар дийхира цо, шена дагайогIу цIераш дIа а йийцина. Ши-кхо бутт баьлча, тIекхайкхира кхуьнга. Ши дейиша а, деваша а, нана а карийнера. ТIаьххьарниг кхин генахь а ца хиллера.
Шех кхиорхо а тоьхна, почта лелочу пайтонна тIехь, нана ехачу юьрта йигийтира хIара коменданта.
– Пайтонна тIера охьадиссина тхо массеран а тидамехь хилира, – дагалоьцу Халипата, – суна шера казахийн мотт хаьара.
«Вагуева Жовжан мичахь еха?» – аьлла, хаьттира ас.
Гонаха бевллачу казахаша, суна тIе пIелгаш хьежош: «Ой-бай, Жовжан кхызылкха?!» («Жовжанан йоI ю!») – бохуш, цецбуьйлуш, цхьана жимачу, лохачу отин неIар тIе дIайигира тхойшиъ. Чудевллча, чохь цхьа а вацара. Дехьа чохь 2–3 бутт хир болуш, жима бер дара доьлхуш. Хьекъал тIекхиъна далале, кхетамехь оцу жимачу бере эмгараллин ойла кхоллаелира сан.
Хи тIе яхана хиллера хIусамнана. Иза схьакхаьчча, тхойшиъ ца евзира. Шен йоI а, кIант а делла лоруш хиллера цо. ЦIеххьана, сан аьрру куьйган нана пIелг схьалаьцна, иза шена гича, маьхьарца сан коча хьаьрчира зуда – тхан нана. Со жима йолуш, неIарна юккъехь бисина, Iаьвдина, хьалахьаьвззинчохь бисина бара и пIелг, цунах евзира цунна со.
Тхан нана шен лазарх тоелла масех шо даьлча, тхох дог диллина, шен наха, Жимачу АтагIарчу цхьана стаге маре яхийтина хиллера. И жима бер сан ваша хуьлура. Жималлин Iовдала ойланаш-м дера хьийзара коьрте, 10 шарахь со дIатесна, лаха а ца лохуш, Iийна нана бохуш, дегабаам а ма бара. Бакъду, цхьа дика ваша хилира суна цунах! Ма йиш яцара сан и вацахьара!
Халипата сацадо шен хабар, оцу заманан йийсарехь ю иза…
Дукха хан ялале шайн Даймахка цIабирзира нохчий. Дуьххьарлеранаш бара ХалипатгIар. Берийн цIийнехь чекхдаккхаза дисина дешар суьйренан школе яхана чекхдаьккхира йоIа. Балха а яхара.
Шуьйтан кIоштарчу садаIаран цIийнан директор хIоттийра иза. Шо а далале дIакъевлира садаIаран цIа. Нохчий махкахбаьхча, кхуза баха баьхкинарш хала а, атта а дIабахара шайн-шайн цIа. Ткъа 13 шарахь Сибрехахь «садаьIначу» нохчашна «дома отдыха» ца оьшу аьлла, сацам хилира Iедалан.
Бакъду, юхаметтахIуттучу республикина чIогIа оьшура шайн къомах болу дешна нах. И бахьана хилира, 1959-чу шарахь, Москва, куьйгалхой кечбечу курсашка Халипат деша хьажор. Ялх беттан курсаш кхиамца чекхъяьхна цIа еана хIара, Советски (Шуьйтан) кIоштан партин райком зударшца бечу белхан отделан куьйгалхо хIоттийра.
1963-чу шарахь Нажи-Юьртан райкоме дехьаяьккхира Халипат, шина шарахь цигахь болх бинчул тIаьхьа, юха а Шуьйта схьаеара иза. Масех шарахь Шуьйтан райисполкоман отделан заведующин а, кIоштан ЗАГС-н бюрон заведующин а белхаш бира.
Муьлххачу а балхахь нахаца мегаш, шен декхарш кхиамца кхочушдеш йолу Халипат 1969-чу шарахь, Итон-Кхаьллан юьртан советан куьйгалхо хаьржира.
– Тхан гергарчу наха а, уггаре хьалха нанас а аьлларг дина Итон-Кхаьлларчу Темирбулатов ОлхазаргIаьргахь сецира со, – дIадевллачу шерийн хиламаш дагалоьцу Халипата.
– Ала деза, зудчо хьовха, гIеххьа волчу къонахчо а бIокъажор болуш, хала болх бара ас тIелаьцнарг.
Юьхьанца яккхий шеконаш кхоллалора сан со нийсачу новкъахь хиларх а, юьртсоветан куьйгалхочун декхарш сайга кхочушдалург хиларх а. Цундела суна къаьсттина мехала дара шайн йоI санна лоруш, дукхаезаш со тIелаьцначу хIусаман ден-ненан хьехарш. Ас даима а доккхачу баркаллица дагалоцу Олхазар а, цуьнан хIусамнана Зайнап а.
Вай дIадохоле а комсомолан белхахо хилла волу Олхазар, цIадирзинчул тIаьхьа колхозан председателан болх беш вара. Нахаца а, куьйгалхошца а таръяла цуьнгара Iемира суна. Шех ала диканиг бен доцуш яра Зайнап а.
ВорхI беран нана йолу иза, нахаца юкъаметтиг лелон хууш а, хьаша-да дика тIелоцуш а, доьзал кхетошкхиорехь доккха Iилма долуш а, комаьрша а, оьздачу гIиллакхехь а стаг яра. Цуьнан масал хийла карийра суна сайн дахарехь.
Оццу шерашкахь, шен хаарш лакхадаха, БуритIа, юьртбахаман институте, деша яхара Халипат.
– Къона хиларна а, хьуьнар хиларна а, яьхь хиларна а чекхъелира со оцу балхахь, – дагалоьцу цо, – Итон-Кхаьлла чу йогIуш яра масех юрт а, алсам кIотарш а. Шен-шен хенахь жижиг, шура, даьтта, хIоаш, тIаргIа, «излишки» олу налогаш, госстрах, самообложени дIаяла езаш дара хIора хIусаман цIарах. Ткъа адам мел къен дара!
ХIинцца когадаха гIерташ долчу адамашкара уьстагI а, бежана а бохург кIезиг хIума дацара. Цхьацца йолчу кIошташкахь нуцкъала даьхни схьадохуш меттигаш а нислора.
Бакъду, сан и дан ца дезна. Iедалан лехамаш а, цо шен халкъана хьалха хIитто Iалашонаш а адамашка дIаюьйцура ас. Уьш сох кхета а кхетара. КIоштарчу 12 юьртсоветана юккъехь тхан гайтамаш лакхара хиларна, дукха хьолахь, 1-ра меттиг тхан хуьлура. И бахьана долуш, тоьлла юьртда ю аьлла, шозза а Москва, говзалла лакхаяккха а яхийтира со.
«За трудовую доблесть» мидал а, куьйгаллера Сийлаллин грамоташ а, Хастаман кехаташ а алссам дара Халипатан-юьртден. ТIом болуш дегира уьш.
Оццу заманчохь шен доьзал а кхоьллира къоначу зудчо. Кхокхатара Астамиров Адамца Дала рицкъ доьзна хиллера цуьнан. 30 шарахь вовшашца бертахь дехира хIара шиъ. Доьзалш а кхиийра.
54 шарахь адамашца болх бина Халипата. ХIинца чохь йисча, адамаш а, цаьрца дика-вон декъар а ца тоьа кхунна, амма ша цаьрца яьккхина хан дагалоьцуш, сакъерало, цхьа кIеззигчу ханна а дIадевллачу шерийн дагалецамашца ехаш а ша ирсе хета.
8 шарахь къонахчун балхахь иштта хаза чекхъяьлла, шен корматаллица, агроном болх бан, Кхокхатарчу «ХХ партсъезд» колхозе сехьа елира Халипат. 16 шарахь, колхоз йохаяллалц, цигахь а къахьийгира.
Цул тIаьхьа а масех шарахь Итон-Кхаьллан кIоштан администрацин юьртбахаман отделехь а, РСУ-н хьаькаман заместитель йолуш а белхаш бира.
– ХIинца санна аьттонаш а, некъаш а ма дацара. ГIаш я говрахь Итон-Кхаьллана гонахарчу массо а кIотархула чекхйолура со.
Схьахетарехь, суна ца евзаш кху гонаха цхьа а кол ца йисина. Со цхьаъ а яцара иштта. Шортта бара доьналла долу зударий. Царах яра Хьена-Кхаьллара юьртда Дудаева Альбика а, Хьала-Келара Якубова Зайнапи а, иштта кхиберш а. ХIинца кегийрхошна долу хьал дацара тхуна. Дахаран а, белхан а хьелаш хала дара. ХIетте а, цхьа арз доцуш, адамийн даг тIера ца дужуш, чекхдевлира.
Массо а хенахь адамашца мерза чекхъялар атта гIуллакх дац. Хьайна болу там, цатам бита беза нахаца тарвалархьама.
«Халипат оьзда а йолуш, дикачу къонахаша бIокъажочу балхахь бIаьрнегIар ца тухуш, лара а еш, къонах санна, чекхъяьлла зуда ю, – тоьшалла дира цунна Итон-Кхаьллан муниципальни кIоштан хьаькама Казаев Хьусайна.
– Тахана белхан хьелаш мелла а хийцаделлехь а, адамашца тарвала, мегаш хила везар дIа ца даьлла. Ишттачунна масал дитина тхуна Халипата. Дала шен дегIан долара ца йоккхуш, могашаллица, шен берийн берех а, церан берех а ирс оьцуш, яхар лойла цунна». Халипатан 5 кIентан, цхьана йоьIан 22 бер ду. Берийн берийн бераш а дуьйладелла цуьнан, уьш а кIентан кIентан ши кIант, цхьа йоI а, йоьIан йоьIан ши кIант цхьа йоI а – ялх ду. Тахана цо ен ойла марзонах ю – кIенташна, несаршна, церан доьзалшна.
– Со йоккхае, сайн доьзалшна юккъехь безам, марзо, ларам хиларх, – дуьйцу цо, – цхьа хазачу ийманехь несарий нисбелла а, и бахьана долуш, кIентийн доьзалш цхьаьна кхуьуш а, вовшашца хьасене болуш а, царна юккъехь мерза гергарло долуш а.
Сайнначул вонаш гина суна а, воккхахволу кIант кхелхира хIокху тIамах, нилхабевлла гергарнаш, хенарнаш. Сайл тIаьхьа хаза гIиллакх, дика дош, марзо йисар коьрта ду суна. Оцу Iалашонца яьхна со. Адамашна юккъерчу марзоне кхочуш цхьа а хIума дац хIокху дуьненахь.
Халипатана хелхаран бал дагабаийтира ас. Доггаха йийлира иза.
– Дела реза хуьлда тхуна и там бинчу кIоштан администрацин куьйгалхочунна Темирбулатов Хьамзатана, – боху цо, – хелхаялар чухIоьттина яцара со, я сайн хан дIаяьллийла ца хууш а яцара, амма суна чIогIа лиира, тхан хан дIаяьллехь а, тхо ледара ца хилла хилар гайта.
Тхайн заманахь халачу белхашца дика ларалуш, халкъан духьа, мехкан дуьхьа къахьегна, хелха довла а, илли ала а, садаIа а ларийна, доцца аьлча, заманца бертахь даха кхетам а, къинхьегамца, садаIарца ларон хьуьнар а тоъна тхуна.
ХIинца дерриге а Iедало дан деза моьтту вайн кегийорхошна. Сайн цIенойн кетIара дIахьаьжча, кераюккъехь санна го суна, мацах дуьйш-дерзош кхо кха хиларна, Кхокхата аьлла, цIе тиллинчу сайн юьртахь кха хьан доь а, дерзадо а. Мел кIезиг бу ишттанаш.
Налха санна хьеначу тхан лаьтта тIехь кхуьура мерза стоьмаш, хасстоьмаш. Ткъа кертарчу хьаьжкIех даьккхинчу ахьаран чам мел генахь хиларх а бевзара. Iуьйренан сихаллехь сискалхин худар дина, цунна тIе хьелийн даьтта а, керла кIалд а тесна Iуьйре йина балха вахча, делкъал тIаьххьалц мацалла дага а ца йогIура.
ХIинца охьа бахана, «ирански» ю боху цхьа балгех тера картолаш а, иштта, хохаш а оьций, Iаьнна чубоьрзу сан къона юьртахой. Наггахь болчеран бен ца го керта догIуш етт-эса, даьхни кертахь мIар хьокхуш лела котам-боргIал, москалгIаз.
Тхан лакхахь а иштта хьал хилча, хIун хир ду лахахь? Халахета, вайн бахархоша иштта шаьш шайна тешнабехк беш, кхоам хета, акхадовла дIатесначу латтанех а…
ХIинца а дахарца лепа шен бIаьргаш лаьмнийн лакхене хьажабо Халипата. Царна чохь шера къаьста синтем, къинхетам, цIена дог-ойла. Масане алаза дисина хир ду оцу къонахчу зудчун дагахь. Муьлххачу а хиламехь а дерриг дог цадастар а ма ду нохчийн зударийн амалан исбаьхьаллех.
Сирлачу кханене сатуьйсуш вай делахь, Халипат санначу зударийн дахаран зеделлачух масал эцар, уьш бовзар, ларар, церан селхане йовзар тIехь ду вайна.
Хьаша новкъаяккха кехъяьллачу Халипатана мара хьаьрча школера цIа вогIу жима Аюб а, Муслим а. КIентан кIентийн коьртех дайн куьг хьоькхучу дененан тIунбеллачу бIаьргашкара йоккхаер Iена…
Т.САРАЛИЕВА
№93, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де