Хьанал доьзал кхиийна

Гуьйренан догIа сецча, хенан хIоттам хуьйцуш кхета дашо малх санна, ша кхиочу доьзалехь даима а церан дахар къагон нийят долуш бехачу экамечу зударшна юкъахь шен башха кхоллам болуш ю нохчийн хIора а зуда, нана.

Шен дахар доьзалан дуьхьа закъалтана диллинчех ю нана. Цундела хIокху лаьттахь мел дукха хаза дешнаш шен цIарах аьлча а, уьш сов хир доцуш, вайх хIораннан а дахаран башха зезаг ду иза.

Тахана шен цIарах хаза дош ала ас леринчех а, и ала хьакъ долчех а ю 1947-чу шарахь хийрачу махкахь, Семипалатинскехь къурайшийн тIаьхьенах волчу Хьабибуллин доьзалехь дуьнен чу яьлла Алиева Асет.

Доьзалехь йоккханиг хиларе терра, хьалххе тIелаьцна цо цIийнан дукъ а, шел жимачу йиш-вешин доладар а. 1957-чу шарахь Даймахка (ОлхазарКIотара) цIадирзира шайн доьзалца йоьIан да-нана.

Асетах, 18 шо кхаьчча, АцаевгIеран нус хуьлу. Шераша могашалла эшийна долу шен марда, марнана доггах Iуналла деш, леладора цо. ГIиллакхе, оьзда нус шайна кхачарна баккхийбера АцаевгIар.

Боккхачу доьзалан нана хила ирс долуш хиллера Асет. 9 йоьIан а, 1 кIентан а нана ю иза. Оьзда хIусамнана а, доьзалан дика нана а хилла ца Iаш, шен хIусамдена Махьмудана тешаме накъост а, йоккха гIортор а хилла ю. Хьаналчу къинхьегамца рицкъ лохуш, юьртарчу совхозехь трактористан болх бина ву Асетан хIусамда Махьмуд.

Цо чудан тарлучу рицкъане а ца хьоьжуш, ша а яра Асет аьхка аренаш лелош, Iай тIергIан бойнаш тоьгуш, йохк-эцар лелош. Ма-дарра аьлча, цхьа а де эрна ца дохуьйтуш, къинхьегамца доьзна хилла хIокху доьзалан дахар.

Халкъалахь олуш ду-кх: «Ден а, ненан а хьехарца, хьехамца кхиийна доьзалхо халкъана а, махкана а пайдехь хуьлу», олий. Иштта, шен нанас хьехначух пайдаэцна йолчу Асета шен зудабераш ийманехь, оьзда кхиийна.

ХIора а беран дешарна тIехь терго а латтош, дола дан лара а йина. Кхерча беркат доссаран бахьана а, уггаре а хьалха, хьаша-да вар ду. Ткъа кхеран хIусамехь хьаша-да дуккха а лаьтта. Хьашада, «Марша вогIийла!» аларца а, комаьршаллица а тIеэца даима кийча ю иза.

Муьлхха а хало, йохар доцуш, доккхачу доьналлица тIе а оьцуш, дуккха а сингаттамаш, баланаш Iаьвшина йолу Асет, тахана къаналле лестина. Могашалла ледара ю.

Тахана шена ма-хетта кертахь гIуллакхаш далуш яц. Делахь а, цунна уллехь цуьнан кегий гIоьнчий бу. 33 берийн бер а, берийн берийн 4 бер а ду цуьнан. Асет царна а, иштта вайн мехкан бахархошна а дика масал ду.

Боккха доьзал кхаба хала хиллехь а, Махьмуд а, Асет а тахана ирсе ду яхь-юьхь йолуш, гIиллакхе, шайна муьтIахь болуш доьзал кхиорна. И ду-кх дуьнен чохь дехачу хIора а адаман уггаре а доккха ирс.

ДУТУЕВА Макка
№93, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: