Итт-пхийтта шо хьалха саьлнашкахь Iиллина Соьлжа-ГIала ца йовззал хийцаелла. Цуьнан урамаш а, гIалахоша садоIу меттигаш а керлачу гIишлошца, уьш куьце ялочу гIирсашца тойина, нуьрца лепаш ю. Ткъа суьйранна урамашка ваьлча, бIаьрг хьоьстуш, лепаш ду «Нохчийчоьнан дог» маьждиг, лекхачу цIенойн «Грозный-Сити» комплекс, «Ахмат-арена» стадион, хIусамийн лекха цIенош, культурин, спортан гIишлош, масане ю кхитIе еш ерш. Ян йолийна «Ахмат-бIов» гIишло.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикехь а, цуьнан дозанал арахьа а хьекъале политика дIаяхьар бахьана долуш, дозанал арахьарчу пачхьалкхийн куьйгалхоша жигара гIуллакхаш до республикехь керла предприятеш, дешаран учрежденеш яхкарехь. ХIинца а Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкарчу ЕМААР компанин президентаца Мухьаммад Аль-Аббарица хиллачу цхьаьнакхетарехь тIаьххьара а барт хилира Соьлжа-ГIалахь Дуьненаюкъара университет йилларан хенийн хьокъехь. Билгалдина ду дуьненаюкъара маьIна долу и учреждени Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина де билгалдоккхуш ян йолор. Университетан гIишлонан бухе даздаран хьолехь капсула юьллур ю кху шеран 23-чу августехь. Барт хилла университет яр шина шарахь чекхдаккха. Аль-Аббарис элира иза Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн вежараллин халкъера нохчийн халкъана а, ерриге а Россина а совгIат хир ду аьлла.
Инстаграмехь йолчу шен агIон тIехь Кадыров Рамзана яздина ма-хиллара, университетехь доьшуш пхи эзар студент хир ву.
Билгалдина ду цигахь болх бан дуьненахь а тоьлашха болу хьехархой кхойкхург хилар. Комплексан проектехь ю дешаран корпусаш, юкъараIойлаш, спорткомплекс, библиотека, дуккха а кхиерш а. Аль-Аббарис иштта хаийтира ян йолочу университетан гIишлон буха юккъе капсула юьллучу дийнахь къоначу предпринимателийн йоккха съезд гулйойла шена лаар. Фирмо билгалдо хIора шарахь къоначу бизнесменашна яккхий гранташ къастор.
ЕМААР компани лекха гIишлош-комплексаш еш ю. Цо йина дуьненахь а уггаре а лекха гIишло – Халифан Бурдж а, махлелоран-самукъадаккхаран т1ех йоккха «Дубай Молл» туш.
С.ВАРАЕВ
№ 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо