Х.Нурадиловн цӀарахчу Нохчийн къоман театрехь нохчийн литературин классикан, поэтан, драматурган, театран гӀуллакххочун Хамидов Ӏабдул-Хьамидан дахарна а, кхоллараллина а лерина гайтам схьабиллира хӀокху деношкахь.
Иза схьабелларехь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис, ткъа иштта, республикин кхоллараллин, дешаран, искусствон интеллигенцин векалша, вайн халкъ Казахстанан а, ГӀиргӀизойн а мехкашкара цӀадирзича дуьйна а Ӏабдул-Хьамидан кхоллараллах синан кхача а хилла баьхначу наха.

Гайтамах йолу шен ойла йовзуьйтуш Дааев Хож-Баудис Инстаграмерчу шен агӀонехь яздо: «Нохчийн пачхьалкхан Х.Нурадиловн цӀарахчу Нохчийн къоман театран фондера а, А.Айдамировн цӀарахчу республикин къоман библиотекин а, ткъа иштта, Хамидов Ӏабдул-Хьамидан йоьӀан шен доларчу архивера а документаш ду экспозицина юкъахь. Яздархо вина 100 шо кхачарна лерина вовшахтоьхна бу гайтам. Документаша тоьшалла до Ӏабдул-Хьамид дика яздархо а, театран гӀуллакххо а хиларал сов, шатайпа амал, хьуьнар долуш адам хилла хиларна».
Гайтаме диллинарг 125 документ ду. Царна юкъахь поэтан куьйган йозанаш, суьрташ, (царна юкъахь театран хьовсархоша тайп-тайпанчу шерашкахь шаьш даьхна хилла суьрташ), газетан публикацеш, театран шира афишаш ю.
Ӏабдул-Хьамидан дахарехь зорбане евлла хилла литературин говзарш ган аьтто бу хьовсархойн.
Лакхахь ма-аллара, Хамидов Ӏабдул-Хьамида дукха къахьегна вайн къоман культура меттахӀоттош. Цуьнан дӀадолорца театральни институташ яьхна бу нохчийн театрашкахь къахьоьгуш болу гӀарбевлла артисташ. Иза шен мехкан патриот хилла. Нохчийн халкъана уггаре а чӀогӀа езаелларг драматурган «Бож-Ӏела» комеди ю.
Гайтам схьабелларан официальни дакъа чекхдаьлча, Нохчийн къоман театрехь гайтира режиссера Хакишев Руслана хӀоттийна «Iабдул-Хьамид. БIешеран некъ» спектакль.
Р.Хакишевс дика гайтинера Хамидовн кхоллараллин некъ. Спектаклана юкъахь яра Ӏ-Хь.Хамидовн гIараевллачу пьесашна юкъара кийсакаш: «Совдаттий, Дауддий», «Лийрбоцурш», «Бож-Iела».
Театран а, литературин а критикаша лаккхара мах хадийна ю уьш. Спектакль дIаяьллачул тIаьхьа хьовсархошка довха дешнаш элира Россин Федерацин халкъан артиста Хакишев Руслана, РСФСР-н хьакъйолчу артисткас Багалова Зулайс, драматурган йоIа Хамидова Ларидас, Нохчийн Республикин а, ГIалгӀайн Республикин а халкъан артиста Димаев Iелас, Россин Федерацин хьакъволчу артиста Джамаев Iимрана.
Нохчийн халкъан иэсехь даиманна а вуьсур волчу драматурган цIарах довха дешнаш ца кхоийра цара.
Массара а билгалдоккхура Ӏабдул-Хьамид похӀма долуш, адамашца юкъаметтиг аьхна латто хууш стаг хилла хилар.
Нохчийн къоман театран гӀуллакх кхиорна йоккха хазна юкъайиллина цо.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрта тӀехь: Хамидов Ӏабдул-Хьамидна лерина гайтам
№93, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де