Ӏилманийн лаборатореш шайн декхаршца ларош ю

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан а, историн а институтехь дӀаяьхьна рогӀера кхеташо институтан Ӏилманийн-талламийн лабораторешкахь 2020-чу шарахь бинчу белхан а, шеран планан жамӀаш дарна кечам барна а лерина яра.

ХӀора а лабораторин заведующис шен белхахоша планан белхан хьокъехь кечйинчу докладе ла а дугӀуш, кхидӀа бан безачу балхах лаьцна дийцира.

Пачхьалкхан жамӀийн аттестацина оьшуш йолу материалаш кечъеш а, къоманрегионан компонент йолчу предметашкахула дешаранметодикин кхачояран лабораторехь (заведующи– С.Эдилов) нохчийн меттан а, литературин а декъехула дешаран-методикин комплекташ вовшахтухуш а бу уьш карарчу хенахь.

«Ас дӀалур ю ПКЭ!» методикин Ӏаматна тӀехь къахьоьгуш бу институтан белхахой: Ш.Абдуразаков, С.Дудаев, С.Тутаева, П.Хунарикова.

2020–2021-чу дешаран шеран материалаш кечъеш ю тоба. Нохчийн меттан Ӏилманан лабораторин говзанчаш (заведующи – М. Овхадов) нохчийн мотт талларехь (лексикографи, грамматикин кепаш, топонимика) къахьоьгуш бу. Вуьшта аьлча, нохчийн меттан синтаксис толлуш бу уьш.

Нохчийн литературин а, халкъан барта кхоллараллин а лабораторин говзанчаш (заведующи – Ш.Джамбеков) нохчийн литературехула а, халкъан барта кхоллараллехула а Ӏаматаш а, методикин гӀо-Ӏаматаш а кечъеш бу.

Цул сов, юьхьанцарчу классийн дешархошна лерина мультфильмаш йохуш а бу.

Историн географин а, мохкбовзаран а, музейн гӀуллакхан а лабораторин говзанчаш (заведующи – А.Устаев) географин декъехула дешаран-методикин комплекташ а, белхан тетрадаш а кечдеш бу.

М.Айдамировас А.Айдамировн цӀарахчу литературин музейхь дешархойн проектийн гӀуллакхна лерина Нохчийчоьнан историн а, иэсан а меттигашна лерина методикин гӀо-Ӏамат язйина.

Нохчийчоьнан историн лабораторин говзанчаш а (заведующи – М.Багаев), иштта, Нохчийчоьнан историн дешаран-методикин комплекташна тӀехь къахьоьгуш бу.

Л.Дашаева заведующи йолчу лабораторин говзанчаш нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн говзалла лакхаяккхаран курсаш вовшахтухуш, дӀахьош бу.

Ӏ-ГӀ.Арсанукаев Ӏаьрбийн маттехула йолчу дешаран-методикин литература вовшахтохарна тӀехь къахьоьгуш ву. Карарчу хенахь 4-чу классан дешархошна лерина гӀо-Ӏамат язъеш ву иза. Ткъа кхул хьалха 2-чуй, 3-чуй классийн дешархошна лерина гӀо-Ӏаматаш кечйина цо.

Шайн белхан декхаршца ларош ю Нохчийн меттан а, историн а институтан лаборатореш.

ХӀокху шарахь институто вовшахтоьхна, зорбане яьхна хьехархошна а, дешархошна а гӀоьнна лерина гӀо-Ӏаматаш а, Ӏаматаш а, конкурсийн программаш а, белхан тетрадаш а, диктанийн гуларш а.

ТӀедогӀучу шарахь дан лерина кхин а дуккха а гӀуллакхаш ду.

З.ХАНОВА
№93, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: