
Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр Байсултанов Идрис цхьаьнакхийтира Нохчийн пачхьалкхан гӀишлошъяран колледжан хьехархошца а, студенташца а. Колледжан директора Мудаев Хизиран кхайкхарца ваханчу министра дакъалецира колледжан уьйтӀахь беш йогӀаран беркатечу гӀуллакхехь. Хьалхарчу а, шолгӀачу а курсийн студенташка динчу къамелехь министра дийцира дешаро кегийрхойн дахарехь лелочу маьӀнех лаьцна. Дешарх доьзна ду церан хиндерг, цундела мехала ду хан Ӏилма лохуш яккхар. «Тахана, гуш ма-хиллара, вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана деша лаам, Ӏалашо йолчу кегийрхошна кхоьллина тоьлла хьелаш ду. И аьттонаш шайна тӀех ца бовлуьйтуш, шайн хан а, ницкъ а дахарехь оьшур йолу говзалла караерзорна дIалуш хила деза шу»,– элира министра. Цул тӀаьхьа студенташца а, хьехархошца а цхьаьна колледжан бешахь синтарш дӀадегӀарехь дакъалецира И.Байсултановс. Аьтто болччуьра, министра бӀаьргтуьйхира колледжан керлачу пхьалгӀанашка. Студенташна керла говзалла Ӏаморехь оьшуш йолу техника а, практикин курс яккха оьшуш долу хьелаш а дара царна чохь. Кабинеташ чохь а, пхьалгӀанаш чохь а белхан а, дешаран а меттигаш аьхна хилийтарехь само еш хила аьлла хьехар дира министра. Ала деза тӀаьхьарчу хенахь, Нохчийн пачхьалкхан гӀишлошъяран колледжехь дикачу агӀор дуккха а хийцамаш хилла хилар.