«Шеран хьехархо–2020» конкурсан регионан мур бу дӀахьош

Ерригросин «Шеран хьехархо–2020» конкурсан регионан муьран шолгӀачу туран дакъалацархошца цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр Байсултанов Идрис.

Конкурсан зераш дӀадуьйладалале шолгӀачу туре бевллачу хьехархошка а, жюрин декъашхошка а министра И.Байсултановс элира «Шеран хьехархо–2020» конкурсан регионан муьран коьрта декхар хьехархошна юкъахь уггаре а хьакъ дерг, шен белхан тоьлла говзанча верг схьакъастор ду аьлла.

Федеральни тӀегӀанехь дӀахьочу конкурсехь Нохчийн Республика йовзуьйтуш волу векал, цхьа а шеко йоцуш, тоьлларг билгалваккхар аттачех гӀуллакх дац.

Конкурсехь дакъалоцуш хиллачу 15 хьехархочух, хьалхуо дӀадаьхьна хиллачу зерех, жюрин сацамца, финале ваьлларг 5 хьехархо ву.

Царна юкъахь ю Курчалойн кӀоштарчу Ачаршка юьртан школин юьхьанцарчу классийн хьехархо Бредихина Екатерина, ТӀехьа-Мартан кӀоштарчу Хаьмби-Ирзе юьртан школин историн а, обществознанин а хьехархо Эхаева Залина, А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Дешаран туьшан ингалсан меттан хьехархо Умалатова Линда, Соьлжа-ГӀалин Президентан лицейн юьхьанцарчу классийн хьехархо Исмаилова Анжела, Соьлжа-ГӀалин №7 йолчу школин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо Салтукиева Радимхан.

З.ЯХЪЯЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: