Устрада-ГӀалин округана юкъайогӀуш ю Чечана. Цигахь дуьххьарлера модельни библиотека схьайиллина хӀокху деношкахь.
Библиотека схьаелларан даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис а, Устрада-ГӀалин мэра Масаев Илеса а.
Культурин министра билгалдаьккхира вайн республикин культурин хьаьрмахь баккхий хийцамаш хуьлуш хилар.

Меттигерчу библиотекин шен гӀишло яцара хьалха. Школехь дӀатарйина яра иза.
ХӀинца библиотекина керла гӀишло ярал сов, библиотекин книгийн фонд а тӀеюьзна. Библиотека Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолчу регионан фондан гӀоьнца йина.
«Чечана йоккха юрт ю, модельни библиотека чӀогӀа оьшуш яра бахархошна. Вайна ма-гарра, хӀокху тӀаьхьарчу хенахь дешаран а, культурин а хьаьрмашкахь дикачу агӀор баккхий хийцамаш хуьлуш бу. И дерриге а Кадыров Ахьмад-Хьаьжин беркатца хуьлуш ду. ХӀара шо чекхдалале кхин а 12 библиотека а, Культурин цӀа а схьаделла дагахь ду. Вайн мехкан цхьана а регионехь а дац оцу тайпа гӀуллакхаш дар. Вай мел деш дерг тӀаьхьенашна деш ду. Церан дешаран а, дахаран а хьелаш тоьлла хилийта», – элира Х-Б.Дааевс.
Устрада-ГӀалин мэра Масаев Илеса баркалла элира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолчу регионан Фондан президентана Кадырова Айманина.
«Вайн республикин Куьйгалхочо лерринчу тидамехь латтош ду культура кхиоран гӀуллакх. Хууш ма-хиллара, кху тайпа библиотека цкъа а хилла яц Чечанахь. Кадырова Айманис динарг доккха совгӀат ду кху юьртан бахархошна, къаьсттина дешархошна. Даггара баркалла ала лаьа вайн республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, регионан юкъараллин фондан президентана Кадырова Айманина а», – дерзийра И.Масаевс.
З.ХИЗИРОВА
Суьрта тӀехь: Чечанахь модельни библиотека схьаеллар
№93, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де