Кадыров Зелимха дагалоцуш

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин воккхах волу кIант Кадыров Зелимха дагалоцуш, цунна тIера сагIанаш дахар дIадолийра май беттан юьххьехь. ХIетахь дуьйна вайн ярташкарчу бахархошна  дIасадекъна 130 эзар гали дама, шекар, дуга, кхачанан кхидолу  сурсаташ. ДIадаханчу рузбанан дийнахь, 29-чу майхь гIийла-миска бохкучу доьзалшна дIасадийкъира 30 эзар  гали  шекар, дама, дуга.

 

«Тахана, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин президентан Несин Айманин дехарца Нохчийчохь доккха сагIа даьккхира Кадыров Зелимхина тIера. Ярташкарчу, гIаланашкарчу бахархошна шекаран, деман, дуганан галеш дIасадийкъира. Май бутт карабеачхьана дуьйна сагIийна  дIаделларг 130 эзар  гали кхачанан сурсаташ ду», – яздира Кадыров Рамзана шоьтан буьйсанна Инстраграмехь йолчу шен агIонехь. Цо дийцарехь, цул совнаха  буьйда сагIа а даьккхира. Жижиг дIасадийкъира гIийла-миска бохкучу доьзалшна.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан воккхах волу ваша вара  Зелимха. Шен да Ахьмад-Хьаьжа кхелхинчул тIаьхьа дукха ца вехира иза. Оццу шарахь цIеххьана Делан кхиэле вирзира Зелимха. Ваша, цхьаъ бен воцу ваша дIаваьлла висира Рамзан. Доккха собар а, ийман а хилира цуьнгахь и бохам лан. Иза дагалоцуш, хIора  шарахь  даккхий  сагIанаш доху  республикехь. Дала къобалдойла Кадырова Айманис а, цунан кIанта Кадыров Рамзана а Делан дуьхьа, цIеначу нийятца дохуш долу сагIанаш. Дала и сагIанаш дахар бахьанехь мулкехь, даржехь савоккхийла Зелимха. Цу тайпа даггара дешнаш олура  шайна  сагIанах дакъа кхаьчначара массара а.

Билгалдаккха деза еккъа цхьана Соьлжа-ГIалахь Iаш болчу ялх эзар доьзална сагIийна оццу барамехь  дама а, шекар а, дуга  а делла  хилар. Цундела  церан  цIарах а, тхайгара а ала  лаьа: Жибира  даьккхинарг  санна, Дала къобалдойла  шун сагIа!

С.ХУСЕЙНОВ

 № 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: