«Ахмат» эшо ницкъ ца кхечира «Зенитан»

Россин Премьер-лигин чемпионатан 15-чу турехь «Ахмато» шен цIахь, Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат-Арена» стадионан майданахь, тIеийцира стохкалера мехкан чемпион Санкт-Петербургера «Зенит».

ХIокху шарахь а чемпионаш хила лууш болу оцу командера футболисташ Нохчийчоьнан пачхьене толам баккха баьхкина бара.

Иза цара даррехь дIа а гайтира цхьаьнакхетаран хьалхарчу миноташкахь. Ира а, кхераме а тIелетарш дора цара. Царах цхьаъ 16-чу минотехь гол тохарца дерза а дира цара. Кхиаме кхаьчнарг вара кхо-диъ шо хьалха «Ахматехь» левзина волу Кузяев Далер.

Амма «соьлжагIалахой» банне а реза бацара майданахь кхолладеллачу хьолана а, мехкан культурин пачхьенера баьхкинчу хьешашна толам дIабала а, уьш мел говза футболисташ белахь а.

Хьаххийначуьра аьлча, «Зенитана» цкъа а атта ца хилла вайн командина дуьхьал ловза, хIокху матчехь а дацара.

Хьалхарчу тайман 26-чу минотехь хьешийн кевна чу буьрка тохарца иза тIе а чIагIдира Бериша Бернарда – 1:1. И жамI хийца ца луш садаIа яхара командаш.

ШолгIачу тайман кхоалгIачу минотехь (48-гIа минот) юха а кхиаме кхечира «Зенит». ХIинца вайн командин кевна чу буьрка тоьхнарг Ловрен Деян вара.

Оцо кхин а жигардехира хIусамдайн тIелетарш. Иштта, цхьа тIелатар юхатухуш шайн гIуданан майданахь кIоршаме левзира Чистяков Дмитрий.

Цунна можа кехат а гайтина, 11 метрера гIуданан тохар дан (пенальти) бакъо елира «Ахматана». И тохар говза кхочушдира Б.Беришас цхьаьнакхетаран 53-чу минотехь – 2:2.

Цул тIаьхьа а, ловзаран хатI ца хуьйцуш, юха а юха тIелетарш дора хIусамдайша. Уьш сацорхьама кIоршаме ловза дезаш хуьлура хьеший.

Цу тIехь суьдахошна коьртах ваьлла вара Ракицкий Ярослав. Эххар а, цхьаьнакхетаран 90-чу минотехь суьдахочо майданара дIа а ваьккхира иза кIоршаме ловзарна.

Бакъду, цунах пайдаэца ницкъ ца кхечира «Ахматан» футболистийн. ЖамI кхин хийца ца луш чекхъелира и матч. Шен Iалашоне ца кхочуш йисира «Зенит».

Хь.САЙДАЕВ
№93, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: