Республикехь долу юкъараллин-политически хьал тодаларца, вайн гIаланаш а, ярташ а маьрша хилла дIахIиттарца тIеттIа алсамдолуш ду вайн республике долу Россин регионийн векалийн а, кхечу мехкийн а хьашт. Уьш вайн республике туристаш санна баьхкина ца Iаш, вайца дика тIаьхьенаш йолуш цхьаьна гIуллакхаш дан а, вай долчохь инвестицеш юкъаяхка а лууш бу. Оцу Iалашонца хIокху деношкахь вайн республике баьхкира Чинера инвесторш. Цара хаийтира шаьш Нохчийн Республикехь дечигах гIуллакх даран йоккха завод а, кхийолу предприятеш а яхка лууш хилар. Цунах лаьцна къамел хилира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан Эдельгериев Абубакаран Чинерчу «ЕМА» корпорацин векалшца хиллачу цхьаьнакхетарехь.
«Тхо и завод йилла лууш ду. Тхуна хаьа Нохчийн Республикехь тIемаш хиллачул тIаьхьа яккхийчу майданашна тIехь телхина хьун йисний. Оцу хьуьнах пайдаоьцур бу оха. ХIинца тхо республике даьхкина кхузахь долу хьал довза, таронаш мел ю хьовса.
Кхузахь тхаьшна гиначунна чIогIа реза ду тхо», – элира «ЕМА» корпорацин дуьненаюкъара гIишлошъяран отделенин директора Ван Вийс.
Цул сов, хьешаша хаийтира Нохчийн Республикехь шаьш кхин а кхо предприяти йилла ойла йолуш хилар. Уьш ю консервни завод а, ангали ден предприяти а, кондитерски фабрика а.
Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара билгалдаьккхира и яккхий предприятеш яхкар республикина чIогIа оьшуш хилар.
«Республикин Iедалша хаддаза боккха тидам тIебохуьйту инвестицеш юкъаозарна. Аш деана гIуллакх мехала ду аьлла хета суна. Шу тхан хьуьнан бахаме хьаьвсинчул тIаьхьа оцу проектах лаьцна ма-дарра дуьйцур ду вай», – элира А.Эдельгериевс.
Цхьаьнакхетарехь иштта дакъалецира Нохчийн Республикин Iаламан таронийн а, гуонахара хьал лардаран а министран декхарш кхочушдеш волчу Ховраев Мовлдис.
С.ЛАЛАЕВ
№ 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо