Берийн похIма кхиоран туш схьайиллина Соьлжа-ГIалахь

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь схьайиллира КхитIе а долу дешар кхиоран регионан «Ахмат» цIе йолу туш.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байсултанов Идрис, Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, кхиберш.

ПохIмечу берийн гIолацаран регионан туш болх бан йолаелла «Дешар» цIе йолу къоман проект кхочушъяран гурашкахь.

И туш кхоьллина Россин Федераци Iилманан-техникин агIор кхиоран стратеги кхочушъярна хьелаш хилийтаран Iалашонца. Кхузахь къастор ду тайп-тайпанчу дакъошкахь похIма долу республикера бераш: Iилма а, спорт а, искусство а.

Дешар дIахьур ду химин а, физикин а, биологин а, математикин а, информатикин а программашкахула, иштта кхузахь ю тайп-тайпанчу Iилманийн дакъойн лаборатореш.

Цул сов, ПохIмечу берийн гIолацаран регионан туьшахь схьайиллина «IT-куб» олу терахьийн дешаран туш а, «Кванториум» мобильни технопарк а.

«IT-куб» кхоьллина «Терахьийн дешаран хьал» проект а, «Дешар» къоман проект а кхочушъяран гурашкахь, кхузахь дешар иннновацин кепехь хир ду. Цо бераш дуьззина юкъаозор ду интернет-технологийн баххаш а, программировани а, роботехника а Iаморна.

«Кванториум» мобильни паркехь кхузаманан инженерни говзаллина Iамор ду республикин генарчу кIошташкара бераш.

ДIасабахьалучу башхачу гIирсаша берашна таро луш ю мехалчу Iилманан-талламийн а, техникин а дакъошкахула кхитIе а долчу дешарх пайдаэца а, шайн хинйолу корматалла харжа а.

Иштта, республикин кIошташкарчу школашца цхьаьна дешаран программашца а болх бийр бу оцу мобильни парко.

И инновацийн дешаран комплекс хьалхара ю Нохчийн Республикехь.

Шен къамелехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира кхузаманан технологеш евзаш болу похIме кегийрхой хиларо вайн регион керлачу лехамашна жоп дала кийча хуьлуьйтург хилар.

– Со тешна ву, хIокху туьшо баккхий Iилманчаш а, искусствийн гIуллакххой а кхиориг хиларх. Вайн тIекхуьучу чкъурах йоккха дегайовхо ю вайн. Ас декъалйо туьшан хьехархойн коллектив а, дешархой а, церан дай-наной а лаккхара дикалла йолу кхитIе а дешаран заведени схьаелларца. Дешаран декъехь вайн баккхий кхиамаш хила а лаьа суна, – элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

Цул тIаьхьа, цIен аса а хадош, схьайиллира туш.

Билгалдаккха догIу и туш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фодан гIо-накъосталлица схьайиллина хилар.

I.МУРТАЗОВ
№94, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: