Иштта хьехаме дIахьедар дира Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин хьаькама, муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас никIаб лелочу мехкаршца кхеторан къамел дечу хенахь.

Оцу мехалчу цхьаьнакхетарехь республикин муфтис дийцира хьиджаб лелоран бакъонех лаьцна.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан МВД-н Соьлжа-ГIалин урхаллин хьаькам Ирасханов Аслан а.
«Ерриге а юьхь дIакъовлуш Iадат еккъа цхьана Iаьрбийн мехкашкахь бен дац. Царна никIаб лелор Iадат а ду, ламаст а ду. Оцу духаран шариIатца дозуш цхьа а хIума дац. Сийлахьчу Къуръано зударшка юьхь а, куьйгаш а гучахь дита боху, кхийолу меженаш къайлаяха боху. Бусалба Iеламнехан барт хилла юьхь а, куьйгаш а Iоврат цахиларан хьокъехь (Iоврат – хийрачу нахах къайлаяха еза меженаш). Делахь-хIета, юьхь дIакъовлар къилахь ду, хьарам ду, цунах жоп дала дезар ду, цунна бекхам бийр бу. ХIинца никIаб Iаьрбийн Iадат дара бохуш лелош яц. Шуна Iаьрбийн мехкашкахь цхьамма а доьхкур ма дац иза лелор. ХIинца никIаб лелош бу вахабитийн боламан гIолоцуш берш а, вахабиташ а, церан хьу яржош, марзъеш берш а. Вайн денаноша, ненананоша, церан наноша ца лелийна никIабаш. Цара, месаш къайлайохуш, чухта а лелийна, цунна тIехула тиллина йовлакх, кортали а лелийна. Цаьргахь доккха ийман а дара, гIиллакх а дара, эхь-бехк а дара. Амма юьхь кIайлаяьккхина-м ца лелла уьш», – бохура Межиев Салахь-Хьаьжас.
Нохчийчоьнан муфтис божаршка, никIаб лелочеран верасашка, гергарчаьрга дийхира шайн йижарша, зударша, йоIарша лелош долчу духарна тIех терго латтор, цара хIун леладо хьажар.
Цо хьехам бинчул тIаьхьа, шайгара даьллачу гIалатах кхета а кхетта, шайн яххьаш къайлаяьхна хилла никIабаш дIаехира мехкарша.
Ирасханов Аслана билгалдаьккхира законаш лардар массарна а тIехь хилар, интернет-хьехамашна тIаьхьа а даьзна галдовла мегарг цахилар.
«Шайн наной, денаной, ненананой ма-леллара лела деза шу а. Цара лелийначу кепара коьртахь хIума а лело еза, вайн Iадаташ лардан а деза. Кхечу къаьмнийн Iадаташ стенна оьшу вайна? Вайна оьшуш ма дац уьш. Вай долчохь хьиджабаш лелош ю. Уьш ма лелае а ца боху. ТIаккха, юьхь къайлаяккхарца кхечарах къаста гIерта оьшуш дац. Цхьа а маьIна доцуш хIума ду иза», – элира А.Ирасхановс.
Шайца цу тайппана хьехаме къамел динчу регионан муфтис С-Хь.Межиевс дийцинарг къобалдира мехкарша а, церан верасаша а.
Мехкарша тIелецира бусалба динца а, нохчийн Iадаташца а догIуш долу духарш лелон.
Д.ПАШАЕВ
№94, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де