Дийцаре дира бахархошна газаца кхачояран хьокъехь долу гIуллакхаш

Россин Правительствон вице-премьера А.Новака газификацин концепцин хьокъехь дIаяьхьначу видеоконференцехь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима.

Вайн правительствон куьйгалхочо билгалдаьккхира вайн республикехь газан дакъа кхиорехь боккха болх бина хилар, газ дIасаекъаран станцеш а, газан биргIанаш а ехкина хилар.

«Газпром» ПАО-н куьйгаллица цхьаьна боккха болх бу дIахьош бахархошна газаца кхачояр кхин а тодарехь. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а къаьсттина тидам тIебохуьйту газан дакъа кхиорна», – элира М.Хучиевс.

Оцу кхеташонехь иштта дийцаре дира цхьамогIа проблемийн гIуллакхаш. Царна юкъахь дара Нохчийчохь 2016–2020-чуй шерашкахь газаца кхачояр кхиоран а, газ йилларан а программица билгалдина хьаштхой газдIасаекъаран сетех дIахоттаран гIуллакхашна финансировани яран хьокъехь долу гIуллакх а.

Кхеташонехь леррина тидам тIебахийтира Россин Президентан 2020-чу шеран хIутосург (май) беттан 31-чу дийнахьлера тIедахкарш кхочушдарехь беш болчу балхана.

№94, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: