Диссертацийн керла кхеташо схьайиллина

Россин Федерацин лаккхарчу дешаран а, Iилманан а министерствон 2020-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 25-чу дийнахьлерчу №734/нк йолчу омранца Нохчийн пачхьалкхан университетехь схьайиллина Д 212.320.05 диссертацийн кхеташо.

Цигахь чIагIдан таро хир ю Iилманийн кандидатан а, Iилманийн докторан а диссертацеш. Уьш Iилманан хIокху говзаллашкахула: Россин Федерацин халкъийн литература (Къилбаседа Кавказан литература); Россин Федерацин халкъийн меттанаш (Къилбаседа Кавказан меттанаш) чIагIдан аьтто хир бу.

Диссертацийн керлачу кхеташоно аьтто бийр бу аьлла хета республикехь а, махкахь а филологин Iилма кхио, къона Iилманчаш корматаллин Iилманан балхана юкъаозо.

Билгалдаккха деза Нохчийн пачхьалкхан университетехь болх беш хIинцале а диссертацийн ялх кхеташо хилар: историн Iилманан а, юридически Iилманан а, педагогикин Iилманан а, экономикин Iилманан а, географин Iилманан а кхеташонаш.

ХIинца царна тIекхетта филологин Iилманан кхеташо а.

Хь.САИДОВ
№94, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: