Шайх «чермийн» (бочкови) олуш йолу бомбанаш лелхийтар бахьанехь оппозицин ницкъаш болчу меттигашкахь 70 гергга стаг кхелхина, бIе сов стагана чевнаш йина. Iедалан эскарша дIахьедина бомбанаш шаьш лелхийтина цахилар.
***
«Боко хьарам» боламан зуламдайша Нигерерчу цхьана маьждигехь эккхийтар дина. Оцу бохамехь 8 стаг кхелхина 14 стагана чевнаш хилла. И зулам дина мехкан керлачу президентан инаугураци хиллачу дийнахь.
***
Ливин къилбаседа-малхбузе декъехь теракт йина. Цигахь 5 стаг кхелхина, 8 стагана чевнаш йина. Оцу зуламах долу жоьпалла шайна тIелаьцна «Иблисан пачхьалкхан» оцу махкахь йолчу гIеранаша.
***
Коалицин ницкъаша Иракехь а, Шемахь а йолчу «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаш йолчу меттигашкахь тIеман кеманашца бомбанаш а, ракеташ а тоьхна. Бекхаман тохар дича маса зуламхо вийна хууш дац.
***
Синайн ахгIайри тIехь террористаша эккхийтина газкховсуш йолу биргIа. Цунах яьлла цIе дIаяйъина. Кху деношкахь меттахIоттор ду газ кховсар.
***
Хонкарахь йоккха митинг дIаяьхьира правительствон лоруш йолчу «Нийсо а, кхиар а» партин гIолоцуш болчара. Цара бахархошка кхайкхам бира тIедогIучу кIирандийнахь хинболчу парламентан харжамашкахь оцу партин гIолацар доьхуш.
***
Женевехь США-н а, Иранан а векалша дIадаьхьира Иранан ядерни программин хьокъехь долу рогIера дийцарш. Цхьа а сацам тIе ца оьцуш дирзира уьш.
***
Украинин Iедалан эскарша кIирандийнахь 35-зза талхийра герзаш деттар сацоран раж. 28-зза герзаш туьйхира цара Донецкана а, цунна гуонахарчу ярташна а, Луганскана – 8-зза.
***
Донецкан халкъан республикин куьйгалло бечу хаамашца Украинин эскаршна юкъахь США-ра, Iаьрбийн мехкашкара, Гуьржехара, кхечанхьара бIеннаш наемникаш бу.
***
Италин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министерствос дIахьедина:
«Россина дуьхьал йинчу санкцеша доккха зен до Италин экономикина».
***
31-чу майхь дуьненан дукхах йолчу пачхьалкхашкахь дIадаьхьира цигаьрка озарна дуьхьал къийсам дIабахьарна лерина гIуллакхаш. Царна юьстах ца йисира Росси а.
***
А.Солженицынна музей схьайиллина кху деношкахь Кисловодскехь. Кхузахь дIаяхна цуьнан бераллин хан.
№ 60, шинара, 2 июнь, 2015 шо