Нохчийн Республикин «ЦIен книга» рубрика

Нохчийчоьнан Iаламан тIаьхьалонийн а, гонахара хьал лардаран а министерствос юкъаяьккхина Нохчийн Республикин «ЦIен книга» рубрика.

Оцу проектан гурашкахь министерствон инстаграмерчу официальни сайта тIехь зорбатухур ду дийцарш а, суьрташ а, ткъа иштта, видеороликаш а: уьш «ЦIечу книгин» агIонаш тIехь долчу дийнатийн а, ораматийн а хьокъехь хир ду.

И рубрика юкъаяккхар бахьанехь, республикерчу бахархойн аьтто хир бу оцу книги тIехь мел дерг довза.

Ведомствехь дийцарехь, флоран а, фаунан а векалийн хьокъехь болу буьззина хаамаш бовза аьтто беш, хIора публикацина бухахь билгалъяьккхина хир ю «ЦIечу книгин» электронни кепан (версин) агIо.

«2007-чу шарахь дуьйна шен «ЦIен книга» ю Нохчийн Республикин. Цу юкъахь ду юкъара дIадовла кхерам болу дийнаташ а, ораматаш а. Цу тIехь дуьйцу уьш муьлхачу хьолехь ду а, уьш Iалашдархьама, деборхьама хIун дан деза а», – билгалдаьккхира министерствехь.

2020-чу шарахь дIабаьхьначу Iилманан-талламан балхана тIе а тевжаш чIагIйина ю «ЦIечу книгин» шолгIа редакци.

Цу юкъадахана регионера 400 тайпа дийнат а, орамат а.

№94, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: