Нажи-Юрт кхуьуш а, хазлуш а ю

«Оха тхайн ницкъ кхочург дерриге а до кIоштарчу берриге а бахархойн дахаран хьелаш тодархьама, юкъараллехь къепе а, низам а, синтем а хилийтархьама, адамийн бакъонаш, маршонаш, хьашташ лардархьама. Баккъал а аьлча, тхан коьрта декхар ма ду адамийн зовкхан дуьхьа къахьегар», – билгалдаьккхира Нажи-Юьртан кIоштан администрацин куьйгалхочо Музуруев Асланбека.

2017-чу шеран кхолламан (январь) баттахь дуьйна кхочушдеш ву А.Музуруев Нажи-Юьртан муниципальни кIоштан администрацин куьйгалхочун декхарш.

Оцу боццачу муьрехь кхиарехьа йоккха гIулч яьккхина кIошто. Иза, денна бохург санна, хазлуш, кхуьуш схьайогIуш ю, толуш, тIеттIа токхе, аьхна хилла дIахIуттуш ду бахархойн Iер-дахар.

Таханлерчу дийнахь уьш кхузарчу 53 юьртахь а, кIотарахь а бехаш бу. Царна кхачойина электросерлонца, газаца, молуш долчу хица.

КIоштан администрацис боккха тидам тIебохуьйту Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран «2024-гIа шо тIекхаччалц болчу муьрехь Россин Федераци кхиоран стратегин декхарийн а, къоман Iалашонийн а хьокъехь» долу указ а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан тIедахкарш а кхочушдарна. Иштта, доггаха къахьоьгу кIоштахь къоман проекташ кхочушъяран декъехь а. Иза тIечIагIдо хIокху бакъдолчара а.

2019-чу шарахь къоман проекташ кхочушъяран гурашкахь Оси-Юьртахь юкъарадешаран юккъера школа йина. ХIинца цигахь деша аьтто бу 120 дешархочун.

Иштта, Беной-Веданарчу юккъерчу школехь схьайиллина «Кванториум» технопарк. Оццу шарахь, бахархойн хьашташ а, декхарш а кхочуш а деш, берийн бошмаш йина еа юьртахь.

ТIуртIи-КIотарахь йинчу берийн бешахь 140 берана меттиг ю, ткъа Шовхал-Берд юьртахь йинчу берийн бешахь – 60 меттиг, ГIалайтIахь – 100 меттиг, Беной-Веданахь – 140 меттиг. Вуьшта аьлча, 2019-чу шарахь йинчу берийн бошмашка 450 бер дIадала аьтто хилла оцу ярташкарчу адамийн.

«ХIусамаш а, гIалара хьал а» программа кхочуш а еш, оцу шарахь вархI петар йолу цIа дина Нажи-Юьртахь. Оццу юьртара коьрта майда а, урам а, ши керт-ков а куьце ялийна.

СадаIаран паркаш йина Бенахь а, Мескитахь а. Цигахь садаIар хIинцале а дезаделла кIоштарчу бахархошна а, хьешашна а, къаьсттина кегийрхошна.

Администрацин куьйгалло, Нохчийчоьнан могашаллаIалашъяран министерствоца юххера зIенаш а латтош, цунах дага а бовлуш, леррина гIуллакхаш до бахархойн хьашташна дарбанан керла кхерчаш барехь.

Иштта, дIадаханчу шарахь ТIуртIи-КIотарахь фельдшерийнакушерий пункт йина, ткъа Зандакъахь – куьпан больница. Уьш яр бахьана долуш, дикка тоделла оцу шина юьртарчу бахархойн медицинин хьашташ кхочушдар.

Социальни декъехь дина гIуллакхаш хьахийначул тIаьхьа бахархойн культурин тIегIа кхиорехь динарг ца довзуьйтийла яц. Вай дуьйцуш долчу оцу шарахь культурин цIенош дина ТIуртIи-КIотарахь а, Бенахь а.

Заманан лехамашна дуьззина жоп луш долчу оцу цIеношкахь шишша бIе стагана меттигаш йолу залаш ю, тайп-тайпана гIуллакхаш дIадахьарна лерина чоьнаш ю, музыкин гIирсаш бу.

Хууш ма-хиллара, лаьмнашна юккъехь дIатаръелла ю хIара кIошт. Ярташ вовшашна генахь ю. Цхьайолу меттигаш текхаш ю. Оцу хьолехь дIасаваха некъаш дахка а, уьш дикачу хьолехь латто а данне а атта дац.

Делахь а, оцу чолхечу декхарца а дика ларош ду меттигера Iедал. Деккъа цхьана 2019-чу шарахь 25 километр некъа тIе асфальт йиллина кхузахь, Сесана– Бена–Беной-Ведана некъаца 24 метр деха тIай тиллина.

«Нохчийн Республикин цIена хи» регионан программа кхочуш а еш, стохка дIадолийна Яьсса хи тIера ГIалайтIа кхаччалц хин биргIанаш йохкуш, хи далор.

Цо таро лур ю 36 юьртан а, кIотаран а хица кхачояран чолхалла дIаяккха. И мехала гIуллакх шен хаддазчу тергонехь латтадо кIоштан администрацин куьйгалло.

Оцу шарахь динчу гIуллакхех лаьцна дийцар дерзош билгалдаккха лаьа 2019-чу шарахь «Шира-Бена» этнокультурин туьшана уллехь хьешацIийнан-ресторанан комплекс а, Бенахь администрацин гIишло а, НажиЮьртахь пенсионни фондан урхаллин кхо гIат долу гIишло а йина хилар.

ДIадаханчу шарахь бинчу балхах тоам бина Iаш бац нажиюьртахой. ХIокху шарахь а кхиарехьа йоккха гIулч яьккхина цара. Иштта, «Кхерамза а, дика а автомобилийн некъаш» къоман проект кхочуш а еш, 29 километр некъа тIе асфальт йиллина.

Цу юкъахь ду Бешил-Ирзу, Балансу, Замай-Юрт, Шовхал-Берда, ЦIоьнтара, БулгIат-Ирзу, кхечу ярташка доьлхуш долу некъаш. Оцу декъехь белхаш хIинца а беш бу.

Къоман проекташ кхочушъяран гурашкахь карара шо чекхдалале билгалдеш ду Зандакъахь 140 берана меттиг хир йолу берийн беш яр, Нажи-Юьртахь 360 дешархочунна меттиг хир йолу юккъера школа яр, Энганарчу школина реконструкци яр, ТIуртIи-КIотарахь фельдшерийн-акушерийн пункт а, Культурин цIа а дар, Нажи-Юьртахь дукха петарш йолу ши цIа дар, и.дI.кх.

Цуьнца цхьаьна, кIоштахь ламасте дирзина ду юьртан бахамехь къахьегар. ТIаьхьарчу шерашкахь кхузахь боккха тидам тIебохуьйту даьхнилелор а, накхаршлелор а кхиорна. Оцу декъехь дика кхиамаш а бу фермерийн а, совдегарийн а. Цундела дохнан сурсатийн къелла ца хаало ярташкахь.

Оцу дерригено а тоьшалла до Нажи-Юьртан кIошт кхуьуш а, хазлуш а, шорлуш а хиларна, бахархойн дахар-Iер толуш хиларна, белхазалла лахлуш хиларна. КIоштан администрацин куьйгалло шен болх халкъах дага а долуш, церан лаамаш хьесапе а оьцуш беш хиларан беркате тIаьхье ю иза.

Администрацин векалш кест-кеста цхьаьнакхета бахархошца, юкъараллин организацийн декъашхошца. Бахархойн вовшашца болу барт-марзо, уьйраш чIагIъеш тайп-тайпана гIуллакхаш вовшахтуху, гIо-накъосталла до гIийламиска бохкучарна, къаношна, тIеман а, къинхьегаман а ветеранашна. Шайн гIайгIа беш хилар царна хаалуш ду. Кхул тIаьхьа а бахархойн дуьхьа деш долу диканаш совдохуш къахьега нийят долуш ю кIоштан администраци.

С.ХАМЗАТОВ
№94, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: