Лулахошца маслаIат лехна вайн дайша а

Эзарнаш шерашкахь Къилбаседа Кавказерчу халкъийн а, Къилба-Малхбале Европин а, Чоьхьарчу Кавказан халкъийн вовшашца хиллачу экономикин а, политикин а, культурин а, кхечу а уьйрашкахь мехала маьIна лелийна ширачу заманахьлерчу Нохчийчоьно а, нохчаша а.

Вайн дайн мехкашкахула чекхболучу некъаца кхочуш хилла Къилбаседа Кавказерчу халкъийн мехкашка. Оцу мехкашкарчу халкъийн векалш а хилла вайн некъашца дIасалелаш.

Иштта, Кавказан лаьмнийн когашкахь Iуьллуш йолчу аренашка кхерсташ лелаш долу халкъаш а, тукхамаш а эзарнаш шераш хьалха кхаьчна Теркайисте а, Сулакйисте а.

Кхуза кхаьчча, уьш автохтонийн (кхузахь хьалхе дуьйна дехаш хилла долчу халкъийн) боккхачу Iаткъамна кIел доьлхуш хилла.

Цунна къеггина тоьшалла до скифийн (вайн эра тIекхачале хьалхара VI–IV бIешераш), сарматийн (вайн эра тIекхачале хьалхара III бIешо – вайн эран IV бIешо), ткъа иштта аланийн (VI–ХI бIешо) заманахьлерчу археологин материалаша.

Оцу материалийн хьесапаш даро тIедаладо лакхахь хьахийначу шина хинна юкъахь шатайпа культура кхоллаелла хилла бохучун маьIна даккхарна. Иза кхерсташ лелаш хиллачу халкъийн а, хьалха дуьйна кхузахь дехаш хиллачу халкъийн а культураш вовшахэрца кхоллаелла культура хилла.

Хьаххийначуьра аьлча, кавказхойн а, ширачу заманашкахь аренашца кхерсташ лелаш хиллачу халкъийн а, къаьсттина юккъерчу бIешерашкахь кхерсташ лелаш хиллачеран, вовшашца хиллачу юкъаметтигийн хьокъехь хеташ дерг къовсаме хилла дуьсуш ду.

Тахана а, иттаннаш шераш хьалха а санна, вайна хьалха хIуьтту хIара тайпа хаттарш: муьлаш бу и кхерсташ (цхьанхьара кхечанхьа кхелхаш) лелаш хилларш; уьш мичара схьабаьхкина; Кавказе муха кхаьчна уьш; бухахь долчу халкъашца юкъаметтигаш муха нисъелла церан; мел дахделла уьш схьаэхар, и дI.кх.

Иштта, керла эра тIекхачале дуккха а хьалха Терканий, Сулаканий юккъера аренаш Къилба-Малхбале Европера кхелхина схьабаьхкинчеран а, Къилбаседа Кавказерчу бахархойн а вовшашца уьйраш тасаелла меттиг хилла дIахIоьттира.

Вайн эра тIекхачале хьалха III-чу эзаршеран шолгIачу эхехь а, III-чуй эзар шеран зилехь а Къилбаседа-Малхбале Кавказехь хаало меттигерчу бахархойн майкопан, алазано-беденскин, катакомбни культурашца хилла зIенаш.

Цу тайппана археологин дуккха а хаамашкахь хаало кхечанхьара схьакхелхина тайпанаш, тукхамаш меттигерчу халкъех дIаийна хиларан лараш. Коьртачу декъана уьш дIаийна Къилбаседа а, Къилбаседа-Малхбале а Кавказан лаьмнийн кIажошца а, аренашца а бехаш хиллачу меттигерчу бахархойх.

Iаьржачу а, Каспин а хIордашна юккъара вуно йоккха меттиг кавказхойн бахамаллин кхерч хилла лаьттина ю, цигахь лаьмнаш дарий, буц-аренаш ярий, гIум-аренаш ярий аьлла доцуш.

И берриге а мохк кхузахь дехаш хиллачу халкъийн (автохтонийн) материальни тIаьхьалонийн юкъара цхьа хьоста хилла. Цуьнца цхьаьна, «лаьмнаш», «аренаш», «буц-аренаш», «гIум-аренаш», «хIорд», и.дI.кх., аьр вай, Нохчийчоьнах хьакхалучу декъехь билггал маьIнанаш дахар лоьхуш кхетамаш бу. Масала, нохчаша къилбаседа агIор йолу йист йоцу аренаш еккъа цхьаъ лоруш хилла, Теркана а, Соьлжана а юххехула дахделла долчу даккъашца цхьаьна.

И аре дIайолалуш ю лаьмнийн чIожашкара араволлушехь. Iаьржачу лаьмнашний Терканий юкъахь йолчух нохчаша «гарман аре» олуш хилла. «бIаьрго схьалоцу аре» – бохург хилла цуьнан маьIна.

Нохчашна «аре», «лахе», «акъари» – Iаш-бехаш йолу меттиг хила. Иза лаьмнех дIакъасто йиш йолуш ца хилла, лаьмнаш аренех дIакъасто тарлуш ца хиларе терра. Иштта хилла Кавказерчу кхечу халкъийн а. Вуьшта аьлча, бIешерийн кIоргенера дуьйна, олуш ма-хиллара, уьншарахь дуьйна меттигерчу бахархошна Кавказера лаьмнаш а, аренаш а цхьаъ хилла, вовшех къасто амал доцуш.

И ший а цхьаъ хилла. Цхьаъ ца хилча, важа хила йиш а йоцуш. Иза цхьаъ хилчий бен даьхнилелор хир дацара: Iай аренашка лохкуш, аьхка лома лохкуш. Цу тайппана даьхни вайн эра тIекхачале VII–VI эзар шо хьалха дуьйна лелийна нохчаша а, Кавказерчу кхечу халкъаша а. Цундела цхьа а бух а, бахьана а дац уьш дIасакъесто, лаьмнашний, аренашний юккъе дозанаш хIитто.

Цхьа а бахьана дац кхерсташ лелаш долу тукхамаш а, халкъаш а герга кхаьчча Кавказехь дехаш хилла халкъаш лаххьаделла, аренаш а йитина, лаьмнашка хьаладоьлхуш хилла ала. ХIаъ. Кхузарчу халкъийн цхьа кIезиг дакъа, кхерамах ларлуш, лаьмнашка хьаладоьдуш хилла, амма дукхахберш буха буьсуш хилла, шайн латта а, даьхни а лелош, пхьоланаш а деш, эчигах гIуллакх а деш.

Царна лууш ца хилла шаьш доьлла меттигаш, шайн бахамаш дIатаса, шайн гIуллакх кIелдита. Ламанхоша а къобалдеш хилла шайн вежарша лелош дерг.

Аренашца баха буьсучу кавказхойн уьйраш тийсалуш хилла маьршачу кхерстахошца. Иза тIечIагIдо Къилбаседа а, Къилбаседа-Малхбален а Кавказехь скифийн а, албанийнсарматийн а оьмарехьлерчу а, юкъерчу бIешерашкахьлерчу а археологин хIолламаша.

Вайн эран хьалхарчу эзаршеран хьалхарчу декъехь Къилбаседа Кавказехь баккхий хиламаш хилла. Уьш цхьаьна нисбелла кхуза керла халкъаш схьакхалхарца. Царна юкъахь хилла аланаш а, гуннаш а.

Дагестанерчу цIеяхханчу Iилманчас, РАН-н декъашхочо-корреспондента А.Р.Шихсаидовс чIагIдарехь, «Оцу хенахь Къилбаседа Кавказан этнолингвистикин карта цхьаьнаэшшара лаьтташ ца хилла. Цкъацкъа цIенна дIадолуш хилла, этнически структурашна меттиг юьтуш. Цхьадолу тукхамаш кест-кеста вовшахлеташ а хилла, иштта, сих-сиха вовшахкхеташ а, цхьаьна гIуллакхаш деш а хилла.

Кхузахь вовшах ийна кхаа тайпана мотт буьйцучу (доьзалан) халкъийн: кавказо-иберийн (Кавказера халкъаш); гIажарийн (скифаш, сарматаш, аланаш); туркойн (савираш, гуннаш, жIайхой, хазараш, кипчагаш) кхолламаш.

Къилбаседа Кавказехь цхьаьна ийна вуно йоккха ши культура – Кавказерчу халкъийн а, кхерсташ лелачу (кхелхина даьхкинчу) халкъийн а культураш. Массо а меттехь дIахьош хилла тIеман-политикин союзаш вовшахтохар а, ткъа иштта союзийн федерацеш а, тукхамийн федерацеш а вовшахтохар а.

Кхелхина даьхкинчу тукхамийн уггаре а хьалхарчарах нуьцкъала цхьаьнакхетаралла хилла гуннаша вовшахтоьхнарг (IV– V бIешераш).

Цул тIаьхьа 400–500 шо даьлча, гуннойн цхьаьнакхетараллина юкъахь, коьртехь хазараш болуш, керла цхьаьнакхетаралла вовшахтуьйхира.

Вайн эран VII-чу бIешеран хьалхарчу итт шарахь хазараша, шен туп юккъерчу Азехь йолчу, Туркойн каганатан буржулех паргIат а бевлла, шайн пачхьалкх кхоьллира.

Иза 300 шарахь сов лаьттира (VII-чу бIешеран 30-чу шерашкара Х-гIа бIешо юккъе кхаччалц). IХ-гIа бIешо юккъе доьдучу хенахь Хазарийн тергонехь яра Къилбаседа Кавказ а, Донайист а, ерриге а бохург санна Идалйист а».

Хазарийн каганатаца вовшашна санехь йолу зIенаш а тесна, вайн дай – нохчий шаьш хьалха Iийнначу меттигашкахь бисира, Соьлжа а, Терк а хишна юккъехь хиллачу аренашкахь.

Бакъду, каганатана кIеззиг ясакх лора цара. И дарца церан аьтто бара шайн этносоциальни кхиарехь вовшашца болу барт, цхьаалла чIагIъян. Лаьмнашца бехаш болчу нохчаша а шайна санехь йолу махлелоран-экономикин зIенаш лелайора каганатаца, хIунда аьлча, Iаьнан муьрехь даьхни дажо а, лело а аренаш оьшура царна.

Цуьнца цхьаьна, ламанхойн-нохчийн герггара уьйраш яра Дагестанерчу халкъашца. Уьш Дидо, Серир, ГIумик, кхечу пачхьалкхашкахь дехаш долу халкъаш дара.

Делахь а, нохчашна къаьсттина уллера хетара Аланийн пачхьалкх. И пачхьалкх кхоллаелчахьана дуьйна оцу юкъахь бара нохчий. Аланийн эскаршца цхьаьна цара дакъалоцура Чоьхьарчу Кавказе (Закавказье) ечу тIеман походашкахь.

Цул сов, ГIажарийчохь 224–652-чуй шерашкахь Сасанидийн тIаьхье чIагIъеллачу а, иза Кавказе гIоьртинчу а муьрашкахь нохчаша дакъалецира царна дуьхьал тIемаш беш, Чоьхьарчу Кавказехь санна, ткъа иштта Денбент ларъеш а.

VII-чу бIешерахь, Iаьрбаша Дербент дIаяьккхира, нохчаша, хазарашца а, аланашца а, дагестанхошца а цхьаьна майра, шайгара доьналла, стогалла гойтуш, тIемаш бира мехкаш дIалоьцуш баьхкинчу Iаьрбашна дуьхьал.

Багаев Муса, историн Iилманийн доктор
№94, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: