НР-н Прокуратурера хаамаш

Бакъо чIагIйина

Нохчийчоьнан прокуратура хьаьжира республикехь пачхьалкхан программаш а, къоман проекташ а кхочушъечу хенахь законодательство муха лардо.

И болх дIахьош гучуделира Шуьйтан а, Итон-Кхаьллан а кIошташкахь йоккха ши объект йина хилар. Амма бюджетан хьокъала йоллучу учрежденийн царах пайдаэца бакъо луш долчу документашна пачхьалкхан регистраци ца йинера.

Оцу гIуллакхна тидам тIебахийтира прокуратуро. Бехке болчу даржерчу белхахошна дуьхьал гIуллакхаш долийра административни бакъонаш талхоран хьокъехь. Терго латторан орган юкъагIортар бахьанехь кхачамбацарш дIадехира, объектех пайдаэца бакъо луш долчу документашна пачхьалкхан регистраци йира.

Законаш талхорна бехке болу даржера белхахой низаман а, административни а жоьпе озийна.

Нехаш гулъен меттиг дIаяьккхина

Регионан прокурора тIедилларца Невран кIоштан прокуратура хьаьжира гонахара Iалам лардаран хьокъехь долу законодательство кхочушдар муха дIахьо.

Терго латторан гIуллакхаш дIахьош гучуделира Алпатово юьртан йистехь бакъо йоцуш нехаш гулъяран меттиг вовшахтоьхна хилар. Цо тIедалийнера хIаваэхь зуламе хIуманаш дикка алсамъевлла хиларна.

Цуьнца доьзна, РФ-н УПК-н 37-чу статьян 2-чу декъан «п» пунктаца нийса а догIуш, кIоштан прокурора Бибулатов Рустама талламан материалаш юьхьанцара таллам баран органе дIаяхьийтира. Уьш къастор дIахьош гонахара хIаваъ бехдаран хьокъехь (РФ-н УК-н 251-чу статьян 1-ра дакъа) уголовни гIуллакх долийра. Цул сов, Невран муниципальни кIоштан администрацин куьйгалхочун тидам тIе а бахийтира оцу гIуллакхна. Бакъо йоцуш вовшахтоьхна хилла нехаш гулъяран меттиг дIаяккхарна тIехьажийна беш белхаш бу карарчу хенахь. И гIуллакх шен тергонехь латтадо кIоштан прокуратуро.

Коммерчески организацина – гIуда

Гуьмсан кIоштан прокуратура хьаьжира шайн кIоштахь коррупцина дуьхьало яран хьокъехь долу законодательство муха кхочушдеш ду.

Талламан гIуллакхаша гайтира 2020-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь коммерчески «Гудермесский бизнес-центр» организацин векала бизнес-туьшан цIарах полицин белхахочуьнга ахча кховдийна хилар, къоман проект кхочушъярехь законодательство муха кхочушдо хьажар цо сацориг.

РФ-н КоАП-н 19.28 статьян 1-чу декъана тIе а доьгIна, административни бакъонаш талхоран хьокъехь гIуллакх долийра кIоштан прокурора. Цуьнан тIаьхьенехь организацина гIуда тоьхна 500 эзар соьман барамехь.

Цул сов, административни таIзар кхочушдарна кхачояран Iалашонца организацин бахам а лаьцна (арест).

ЦхьамогIа гIуллакхаш кхочушдар бахьанехь сихха кхочушбина суьдан сацам – буьззинчу барамехь дIатекхна тоьхна хилла ахчанан гIуда.

Герзах баьлла «пайда»

Дакъалоцуш Заводской кIоштан прокуроран гIоьнча Байтаева Милана а йолуш, Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан суьдехь къастийра бакъо йоцуш герз эцарна, иза Iалашдарна, лелорна бехке веш волчу С.Байсангуран уголовни гIуллакх.

Суьдехь билгалделира кху шеран чиллин (февраль) баттахь С.Байсангура Заводской кIоштахь бакъо йоцуш «Макаров» тапча эцна хилла хилар. ДIаяханчу аьхка оперативни-лахаран гIуллакхаш дIахьочу хенахь, гучу а даьлла, полицин белхахоша герз цуьнгара схьадаьккхира.

Пачхьалкхан бехкевархочунна хетарг хьесапе ийцира суьдо. С.Байсангур бехке лерира цуьнгара даьллачу зуламна.

Суьдан сацам кхочушбеш, колонехь-поселенехь бархI бутт хан яккха дезар ду цуьнан. Кхиэл законан бакъоне ерзаза ю.

Талхораш гучудаьхна

Шаьш урхалла даран меттигерчу органийн балхах лаьцна болчу хаамашна тIекхачаран хьокъехь долчу законодательствон лехамаш муха ларбеш бу? Коррупцина дуьхьало яран хьокъехь долу законодательство кхочушдар муха дIахьо? Иштта хаттарш шена хьалха хIиттийра Нажи-Юьртан кIоштан прокуратуро талламан гIуллакхаш дIадолош.

Уггаре хьалха тидам тIебахийтира муниципальни гIуллакххошна, церан доьзалшна 2019-чу шарахь хиллачу пайданех, цара йинчу харжех, церан бахамах, бахамаллин амал йолчу тIелацамех лаьцна болу хаамаш яртийн администрацийн интернетехь йолчу сайташа гайтина цахиларна.

Ткъа оцу кIоштарчу Беной-Веданан юьртан администрацин сайта тIехь ца карийра шаьш урхалла даран меттигерчу органо тIеэцначу нормативни бакъонан актех лаьцна болу хаамаш. Оцу гIуллакхна бехке волчу даржерчу белхахочунна 3 эзар соьман барамехь ахчанан гIуда туьйхира суьдо.

Дийнна схьаэцча РФ-н КоАП-н 13.27 статьян 2-чу декъаца нийса а догIуш, кIоштан прокуратуро администрацийн куьйгалхошна дуьхьал 15 гIуллакх долийра административни бакъонаш талхоран хьокъехь.

Оццу хенахь администрацийн куьйгалхошна тIедожийна гучудевлла кхачамбацарш йоццачу хенахь дIадахар.

Дехарш къасторехь – ледарлонаш

Курчалойн кIоштарчу Аьхкинчу-Борзе юьртан администрацехь талламаш бечу хенахь кIоштан прокуратурина гучуделира гражданийн дехарш къастийна цхьалхадахаран къепен хьокъехь долчу законодательствон лехамаш хьакъ ма-дду кхочушбеш цахилар.

Иштта, кху шеран мангалан (июль) баттахь юьртан вахархочо администрацин куьйгалхочуьнга гIо дар доьхура урамехь электросерло хилийтарехь. Амма и дехар терго латторан органо таллам дIахьочу деношкахь а къастийна цхьалхадаккхаза дара. Боцуш бара дехар диначунна жоп делла хиларан хьокъехь хаамаш.

И бахьанехь оцу гIуллакхна бехке волчу даржерчу белхахочунна дуьхьал, РФ-н КоАп-н 5.59 статьяна тIе а доьгIна, административни бакъонаш талхоран хьокъехь гIуллакх долийра, ткъа администрацин куьйгалхо декхарийлахь вира и кхачамбацарш йоццачу хенахь дIадаха. Прокуроран лехамаш кхочушбина.

Бехкенаш административни а, низаман а жоьпе озийна

Газаца кхачоярх

Соьлжа-ГIаларчу А.Загаевн урамехь еххачу хенахь газаца кхачоеш цахиларан хьокъехь инстаграмехь хиллачу хаамца доьзна регионан прокуроран тIедиллар кхочуш а деш, газаца кхачоярехь законаш лардар муха ду хьажа буьйлабелла терго латторан органан векалш.

Талламан жамIашна тIе а доьгIна мах хадор бу шаьш урхалла даран меттигерчу органан, газаца кхачоран а, иза дIасаяхьийтаран а организацийн куьйгалхоша динчу гIуллакхийн.

Оцу декъехь даржерчу белхахоша бакъо йоцуш деш долчу (деш доцчу) дерриге а гIуллакхех лаьцна гражданийн йиш ю прокуратурин органашка хаамаш бан.

Харцо гучуелира

Муниципальни службин хьокъехь долу законодательство муха кхочушдеш ду хьаьжира Грозненски кIоштан прокуратура.

Бинчу талламо гайтира муниципальни гIуллакххочо – Пролетарски юьртан администрацин куьйгалхочун заместитела балха хIуттучу хенахь дешаран хьокъехь даррехь харц документ делла хилар.

Цуьнца доьзна талламан материалаш прокуратуро дознанин органе дIаяхьийтира уголовни жоьпе озоран хьокъехь долу гIуллакх къастадайта. Материалаш къаста а йина, РФ-н УК-н 327-чу статьян 3-чу декъаца догIуш долу зулам дина хиларан билгалонашца (даррехь харц документах пайдаэцар) уголовни гIуллакх долийна

Талламан материалийн буха тIехь…

Нохчийн Республикин прокуратуро вовшахтоьхна къоман «Жима а, юккъера а совдегаралла, совдегарийн дIадолоран гIолацар», аьлла йолу проект кхочушъярехь законодательство муха кхочушдо хьажар.

Иштта, кху шеран хьаьттан (август) баттахь Хьалха-Мартан бизнес-туьшан куьйгалхочо регионан бизнес-туьшаца барт бира ял а луш консультацеш ярна. Цуьнан хьелашца унитарни предприятис шена тIелецира бизнес лелоран гIуллакхашкахула совдегаршна консультацеш яла.

Амма бизнес-туьшан куьйгалхочо, хIоттийна ахча буьззинчу барамехь дIаэцнехь а, ша бина тIелацамаш кхочуш ца бира, ткъа къоман проект кхочушъярна билгалдина хилла ахча лачкъа а дина, шен хьаштана хьовзийра.

Цуьнца доьзна Хьалха-Мартан кIоштан прокуратуро талламан материалаш, РФ-н УПК-н 37-чу статьян 2-чу декъан 2-чу пунктаца нийса а догIуш, юьхьанцара таллам баран органе дIаяхьийтира.

Цуьнан жамIехь Хьалха-Мартан бизнес-туьшан куьйгалхочунна дуьхьал, РФ-н УК-н 159-чу статьян 3-чу декъана тIе а доьгIна, уголовни гIуллакх долийна (ша даржехь хиларх пайда а оьцуш, ямартло лелор).

Уголовни гIуллакх таллар шен тергоне эцна республикин прокуратуро.

ЗаьIапхошна гIо дира

Соьлжа-ГIаларчу «Южная» автостанцехь транспортан инфраструктурин объекташна тIекхачарехь заьIапхошна халонаш нислуш хиларан хьокъехь социальни сеташкахь баьржина хаамаш талларна тIехьажийна регионан прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис дина тIедахкарш кхочушдеш цигахь долу хьал теллира терго латторан органан векалша.

Цо гайтира автостанцехь заьIапхоша урхалла дечу транспортана билгалйинчу меттигашкахь уьш заьIапхошна лерина хилар гойтуш йолу билгалонаш цахилар. И бахьанехь боккха эшам хуьлура тIаьххьарчарна. Дукха хьолахь, шайн транспорт дIахIотто меттиг лоьхуш хан яйа дезаш хуьлура.

И дерриге тидаме а эцна, организацин даржехь волчу белхахочунна дуьхьал административни бакъонаш талхоран хьокъехь гIуллакх долийра, машенаш хIитточу меттехь заьIапхойн транспортана леррина меттигаш къасторан хьокъехь долчу законодательствон лехамаш талхийна хилар билгал а доккхуш (РФ-н КоАП-н 5.43 статья). Ткъа организацин директорна тIедожийра гучудевлла кхачамбацарш йоццачу хенахь дIадахар.

Прокуроран акташ къастийна. Бина лехамаш нийса лерина. Оцу гIуллакхна бехкенаш низаман а, административни а жоьпе озийна. ЗаьIапхойн машенашна леррина меттигаш къастийна.

Нохчийн Республикин прокуратурин сайта тIера хаамаш кечбинарг – ХАНУКАЕВА Дагмара
№94, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: