Министр лоьрийн балхана реза хилира

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан Соьлжа-ГӀалин №4 йолчу клиникин больницин багийначу дархойн отделенехь хилира.

Министр оцу отделенехь дукха хан йоццуш дӀахӀоттийначу медицинин керлачу гӀирсе, терапин палаташка хьаьжира больницин коьртачу лоьраца Байбулатова Шукранаца а, багийначу дархойн отделенин заведующичуьнца Элимбаев Рустамаца а цхьаьна.

Шайна дарба дойтучу дархошца къамеле велира иза.

Дархой больницин медицинин коллективан балхана реза хилар гира цунна. Дархойн медицинин хьашташ кхочушдаран балхах лаьцна мелла а кIорга къамел хилира отделенин лоьрашца.

«Багийнчу дархойн отделенехь дархойн медицинин хьашташ кхочушдаран балхана а, шайн белхан декхаршца ларош болчу лоьрашна а реза хилира со», – хаам бо Э.Сулеймановс.

Министра дийцарехь, багийначу дархойн отделене дарбадаран маьнганаш дӀахӀиттийна (меттахь бисинчу дархошна даьӀнаш ца дийлийта оьшуш дара оцу кепара маьнганаш).

Цул сов, оцу отделене хируригин 2 аппарат а эцна, (травматологин а, ортопедин а), иштта, дегӀан чкъурана трансплантаци еш оьшуш йолу 2 перфоратор а эцна.

«Кхузаманан гӀирсаш хиларо боккха аьтто бо лаккхарчу технологин хирургин операцеш ян. Дархошна оьшуш долу гӀо шен хеннахь дарал доккха хӀума дац. Отделенехь 48 маьнга бу. Кхузаманан лехамашца богӀучу тоьллачу технологин гӀирсашца кхачойина республикехь хӀара цхьаъ бен яц»,– элира Э.Сулеймановс.

Отделенин болх чолхе а, жоьпалле а хиларх кхеташ ду. Кхин дукха ца дийцича а тоьаш ду оцу отделенехь цхьана шарахь 500 стагана дарба деш хилар (царах ах сов бераш а хуьлу).

2021-чу шарахь отделени берийн а, баккхийчеран а отделенешка екъа дагахь ду больницин куьйгалла.

З.ХИЗИРОВА Суьрта тӀехь: Э.Сулейманов СоьлжаГӀалин №4 йолчу клиникин больницехь
№94, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: