Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствехь «Нохчийн Республикин а, Дагестанан а, ГӀалгӀайн а республикийн дешаран хьаьрма кхиор а, урхаллин механизмаш кхачаме ялор а» темина лерина регионашна юкъара семинар-кхеташо дӀаяьхьира.

И гӀуллакх кхочушдар нисделла дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран Байсултанов Идрисан Рособрнадзоран куьйгалхочуьнца Музаев Анзораца хиллачу цхьаьнакхетаран беркатца.
Семинар-кхеташонан официальни дакъа дӀадаьлча, конференцин кепехь дӀабаьхьира болх.
Цигахь дакъалецира Рособрнадзоран куьйгалхочо Музаев Анзора, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела Усмаев Вахитас, Дешаран дикаллин мах хадоран федеральни институтан директора Станчено Сергейс, Рособрнадзоран юкъарчу дешаран дикаллин мах хадоран урхаллин хьаькама Круглинский Игора, ГӀалгӀайн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Бокова Эсета, Дагестанан Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Омарова Уммапазила (дистанционно), иштта, регионашкарчу министерствийн делегацеша.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цӀарах маршаллин дош элира Усмаев Вахитас.
Цо билгалдаьккхира дешаран хьаьрма республикин экономика а, социальни хьаьрма а, юкъаралла а кхиорехь коьрта меттиг дӀалоцуш хилар.
Цундела латтадо Нохчийн Республикин Правительствос дешаран хьаьрма кхиоран гӀуллакх леринчу тергонехь. ХӀара семинаркхеташо дешаран дикалла лакхаяккхарехь дӀаболочу бокхачу белхан юьхь ю.
Семинарехь доклад йира Дешаран дикаллин мах хадоран федеральни институтан директора Станчено Сергейс а, регонашкарчу министарша а.
Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Байсултанов Идриса шен докладехь тидам тӀебахийтира регионан дешаран хьаьрма кхиорехь нислучу проблемашна, иштта, Рособрнадзоран куьйгалхочунна Музаев Анзорана баркалла а элира кхеташо вовшахтохарна а, регионан дешаран хьаьрма кхиорехь гӀо деш хиларна а.
Дешаран хьаьрма кхиорехь нислуш йолу проблемаш дӀаяхарна тидам тIебахийтар дийхира Музаев Анзора.
Семинар-кхеташо чекхъяьлча проблемийн гӀуллакхаш дийцаре даран дискуссийн кепехь «горгачу стоьлехь» дӀабаьхьира болх.
Суьрта тӀехь: семинар-кхеташонан дакъалацархой
№94, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де